ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIунда телхина Австрехь бехачу нохчийн имидж?


please wait

No media source currently available

0:00 0:04:27 0:00
Линкана тIе

Муха нисло массо а Европерчу пачхьалкхашлахь юккъера Австрехь вайнахалахь криминале леламаш баьржина хилар а, и леламаш бахьана долуш вайнехан диаспора меттигерчу юкъараллехь негативе гIаръялла хилар а?

Цхьанна а Малххбузерчу пачхьалкхашкахь йоцучу тайпана нохчийн имидж Австрехь телхина хилар а? Мила ву цу хIуманна бехке? Нохчийн цIе бехъеш болу хаамийн гIирсаш? Я полисхой? Я нохчийн къоман дуьхьал шайн питанийн машанаш тоьгуш болу къайлаха ницкъаш?

Цу хеттаршна жопаш лоьху альпийн махкахь бехачу нохчийн диаспорин векалша шаьш а, кест-кеста вовшашлахь дага а буьйлуш, я Iедалхошца цхьаьна а бетталуш.

Маршо Радиоца зIене ваьллачу шен цIе йийца ца лиинчу нохчийн жимчу стаго дийцира криминалечу леламашна юккъе нохчийн бераш озор муха хуьлу.

Шена зеделлачунна тIе а тевжаш, шен а, шен накъостий а 10-12 шераш долчу хенахь нохчийн къомахчу гIеметта хIиттинчу наха а, баккхийрахчу кегийчу наха а шайга наркотикаш а, кхин йолу низамца йихкина хIумнаш а дIаса муха лелайойтура дийцира цо.

Iедало депортацина хьийзош волчу цунна шен аз довзийта ца лаарна, Маршо Радионо хийцина иза: "Со жима вара, ца кхетара муха хIун дан деза. Цхьа доттагI вара сан, цунна дукха нах бевзара, баккхийнаш а. Сан цу хенахь 12 шо дара, иза сол а цхьа шо жима вара.

Эцца 10-гIачу кIоштахь паркехь хуьлура тхо даима а. Со сайн 14 шо долуш кхета волавелира цигахь хиллачух. Баккхийчу наха тхоьга цхьацца пакеташ лора, хIара дIа хьой, ахча схьада олий. Тхан самукъадолура баккхийчара тхайга цхьаъ де аьлча. Наггахь цхьацца морожни а оьцура цара тхуна.

ТIаьхьа кхийтира со цара иза хIунда дора - 14 шо кхаччалц Iедало штраф ца туху, цундела тхоьга леладойтура цара иза. Со кхеттачул тIаьхьа ас сайн доттагIчуьнга элира, валохьа, буьту вай уьш, цхьаьний лела вайша, аьлла. Цул тIаьхьа иза кхузара дIавахара соьга а ца олуш. Цигахь иза гуттар а вуон хIумнаш лелош ву бохуш, хезира суна, кхузахь хилларг хIуммаъ доцуш. Юха цул тIаьхьа иза цхьаммо тапча а тоьхна, вийна аьлла а хезира суна. ЧIогIа хала хан яра иза суна, депресси яра, психиатрана тIе лелаш а вара со. Ишколехь а кхиамаш ледар бара..."

Шайн къомахчу баккхийчара шайга цхьа хIума де алар доккха сий а хеташ, цара аьлларг дора шаьш, амма дикка тIаьхьа бен ца кхийтира ша, шен дахарехь массо а хIума галмарзах даьккхинарш нохчийн къомах болу, ша тешна баккхий нах буйла, элира цу кIанта.

Тахана цуьнан 18 шо ду. Шен 15 шо долучу хенахь талор лелош гучу а ваьлла, лаьцнера иза. Цо динарг башха доккха зулам ца хиларна а, гучу дуьххьара ваьлла хиларна а чохь баккха кхо бутт, арахь баккха 9 бутт хан тоьхна хилла цунна.

Ша лелийначух а кхетта иза, шен тешнабехк бинарш муьлш бу а хаьа цунна, кхин шегара хIума ца долуьйтуш, ваха гIерташ ву иза. Амма цу тIехь цуьнан кхолламан кIоршаме агIонаш дIайирзина яц. Цу кIентан 18 шо кхаьчначу дийнахь меттигерчу Iедало сацам бина, цуьнан тховкIелонах долу гIуллакх юха а теллина, цуьнгара бакъо дIаяккха. Муьлхачу а мIаьргонна Австрера араваккха кхерам тIехь а лаьтташ, хан йоккхуш ву иза.

Ткъа иза а, кхин долу 10-12 шераш долу бераш а криминалечу леламашна юккъе ийзина гIеметта хIиттина нах Iедалца цхьа а проблемаш а йоцуш Iаш бу. Хьуна уьш муьлш бу хаьий хIинца а аьлла, шега хаьттича, хаьа дера, уьш-м хIинца а ма бу эцца паркашкахь и бераш Iехош, лелаш, элира цо.

Цо иштта деталашкахь дийцира, Венерчу паркашкахь а, маьждигашкахь берашна а, кхиазхошна а радикале хьехамаш а беш, уьш Шема а, кхечу тIемаш болчу меттигашка а дIа муха хьежабора а. Амма иза цхьа кхин тема ю.

Шуна муха хета, даггара дуй шена зен хиллачу доьзало Iедална хьалха куьгбехкенаш кIелхьарбахар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG