ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ванах, нохчийн цIе бехъян арабевлла буй-те и нах?"


Iедалхошна дуьхьало ярца а, набахти чохь къепедацарш лелорца а доьзна юха а масех Iоттабаккхам хилла Австрехь. Масех де хьалха Грацерчу Карлау олучу набахтехь хехойх леттера цхьа жимстаг. Ша чохь воллучу камери чохь сахуьлучу хенахь цо мебель кегъеш, отуш гIовгIа эккхийтича, масех Iедалхо вахнера иза сацон а, гIуданна цхьа-цхьацца тутмакх чохь валлочу шога къепе ларъечу декъа иза дехьаваккха а.

Амма карзахваьллачу жимчу стаго полисхошна йиттинера. Царах пхеанна чевнаш а йинера, цхьанна дера чов а еш. Уьш берриш а лоьрийн цIийне а кхачийнера.

И инцидент хилла дукха хан ялале оццу Карлау набахтехь цхьана кхечу нохчочо ша чохь волчу камерина цIе а тесна, ягоза яьккхина и йоллу набахте а.

Полицино бинчу хаамца, цо цIетоссаргица шен духарх цIе латийна хилла, цул тIаьхьа и цIе йоллучу чоьна чохь яржа йолаелла. КIуро шен садукъадан долийча кхеравеллачу тутмакхо маьхьарца орца доьхуш, неI етта йолийча гина хехошна яьлла цIе.

Ялх хехочух лаьтташ йолчу тобано цкъа хьалха шайн ницкъаца цIейойъаргашца алу сацон гIортарх гIуллакх ца хилла. Пхеа машенахь 23 цIаяйъархо схьакхаьчча, цаьргий бен саца ца елла йоллучу набахтехь а яржа кхерам болу цIе.

Нохчийн кегирхой декъа а болуш и санна болу Iоттабаккхамаш къаьстина дукха нисло Австрехь. ХьастагIа Керла шо тIекхочучу муьрехь тIекIел шина дийнахь полисхошна дуьхьал леттера нохчийн кегирхой, Iедалхошна чевнаш а еш. И юкъараллехь а, Iедалан гонашкахь а йоккха IалагIож яьккхина долу хIума хIинца а дижина а далале керла къепедацарш гIарадевлла нохчийн тутмакхаша харцахьа леларх.

Австрихойн набахтехь нохчийн кхиазхошца болх бечу Исханов Хьусайнна дика девза низамаш хьоьшучу кегийчу нахах дерг. Амма ша а цецваьлла тIаьхьарчу хенахь нохчий декъехь а болуш, Австрехь лелочу зуламех бохуш дуьйцу цо: "И санна долу хIумнаш тIаьхьарчу хенахь чIогIа алсамдевлла кхузахь. Полисхоша шайга хIума олушехь царна чукхиссалуш нисло кегирхой.

И саннарг арахь а нисло, набахти чохь а нисло. ХIинца хилла ду - къаьркъа а мелла, машенах догIу шаьш совцича, кхо стаг полицех летта. Оцу зуламна бахьана хIара ду аьлла цхьа атта анализ ца яло, хIунда аьлча, тIаьхьакхиа хала хIумнаш ду уьш".

Шена хетарехь, цIахь дIахьочу пропагандица цхьаьнадогIуш, цунах доьзна хIумнаш ду уьш аьлла, ойла ю Исханов Хьусайнан. Яккхий шеконаш кхоллаелла цуьнан, и нах лерина ахча а луш, нохчийн сий дожон арабаьхна буй-те аьлла.

"ХIунда аьлча, царех вайн къомана хуьлуш долу зен доккха хIума ду. Дукхахболу нах кхузахь шайн доьшуш, болх беш, хьанал бехаш бу. И вуон леларш иштта башха дукха а бац, амма вуно зене ду цара лелориг нохчашна. Тамашийна хIун ду аьлча, и зуламхой арабохуш а бац Iедало, ткъа цхьа мисканаш схьа а лоьцуш, арабохуш бу. Сан яккхий шеконаш ю уьш цхьана Iалашонца цхьаммо лелош буй-те аьлла".

Цу юкъана Грацерчу набахтехь нохчочо цIетасар бахьана долуш чевнаш хилла ворхI стагана – цу жимчу стагана шена а, цунна орцах ваьллачу ялх набахтин белхахочунна а. Иза чохь волу камера ерриге а яьгна дIаялла, эзарнаш еврошна зе а хуьлуш.

Карлау набахтин директоро Моск Йозефа журналисташка динчу дIахьедарца, хIинцалераниг дуьхьарлера талор дац цу кIанта набахти чохь динарг.

Хьалхо а хехойх лата гIертарца а, набахтин бахамашна зенаш дарца а, вада гIортарца а коьртах ваьлла хилла. Даханчу шарахь, хетарехь кино чохь шена гинчу кепара, Iайгица шен камерин пенах Iуьрг а даьккхина, вада кечам беш, гучуваьлла хилла иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG