ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхойх летта мухIажираш цIахьежо некъаш лохур бу Австрин Iедалша


Австрин полицино лаьцна, террорхо хила мега аьлла, шеко йолу стаг. Архивера сурт.

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:50 0:00
Линкана тIе

Австрехь нохчийн кегирхой декъа а болуш полисхошца масех тассадаларш хиллера Керла шо тIекхочучу муьрехь. Цхьанатассадаларехь, Iедалхоша чIагIдарехь, нохчийн кегирхой декъа болу латарш къасто баьхкинчу полисхойх цхьанна нохчочо вортаначу мийра тоьхнера. Изабахьана долуш Iедалан белхахочуьн яIна а йожийна, иза лоьрийн цIийне кхачийнера.

Цул тIаьхьа цхьа дей-буьйсий даьлча Вена гIалин кхечу кIоштахь иштта нохчий декъа а болуш нисделла тассадаларш къасто баьхкинчу Iедалхошна юккъерчу полисхо-зудчуьн куьг а кагдеш, Iоттабаккхам хилира. И дерриге а вуно йоккхачу IалагIожца доьзна хилира Австрехь, хаамийн гIирсаша криминалечу нохчийн кегирхойн хьокъехь яккхий дискуссеш а йолош.

Шен рогIехь Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн керла министр Кикл ХIерберт (Herbert Kickl) а юккъегIоьртира цу дийцаршна. Шайн махкахь тховкIело а, кхерамазалла а ехна, цул тIаьхьа пачхьалкхан векалшна тIекхийдаш болчу нахана депортацеш яран некъаш толлур ду шен хьукмато, аьлла.

Австрехь бехачу нохчашлахь а вуно боккхачу сингаттамца тIеийцира шайн къоман кегирхой цу кепарчу къепедацарийн декъа хилар. Хилларг къастон дагахь цу латарийн хилла кегирхойх цхьаццаберш схьа а лехна, цаьрца цхьаьнакхийтира Венерчу нохчийн-гIалгIайн Кхеташонан декъашхой.

Кхеташонан куьйгалхочо Мусалатов Шайхис дийцарехь, кегирхоша дацаре до, шаьш полисхойх летта бохург. Мелхо а, вовшех леташ хилларш австрихой бара, ткъа шаьш цигахь ларамаза тешаш санна нисдалар бахьана долуш шайна тIебиллина бехк аьлла цара: «Ши тоба хилла уьш нохчийн Вена шахьарехь гIура бутт бовш леттарш. Цхьа овхIанхо а, цхьа гуьржи а хилла цаьрца.

Цхьана тобано полисхо вортанах хIума тоьхна лазийна боху, ткъа вукхо зудчуьн куьг кагдина боху. И летта долу бераш лаха а лехна, хилларг хIун ду толлуш дара тхо. Цара шаьш ца летта боху. Цигахь леташ хилларш австрихой бара боху, шаьш цу чохь Iаш бен дацара, амма шаьш полицино лаьтта охьа а дийшина, ницкъ бира шайна. Ма-дарра муха хилла кхин а толлур ду оха. Бехк, бакъдерг дийцича, церан ден-ненан бу, буьйсанна шиъ даьлча шайн доьзалхой мичахь лела ца хууш долчу».

Латаршкахь декъа хиллачарел совнаха меттигерчу Iедалхошца а цхьаьнакхетарш деш, хIоьттина хьал дайдан гIулчаш йохуш ю Кхеташо: "Iедало бохург хIун ду аьлча, шайн белхахошна тIекховдар а, царна дуьхьало яр а вуно луьра лоруш ду. Уьш къинтIера баха гIоьртира тхо. Иштта тхо кхуза тIом бахьана долуш схьадаьхкина а дара, цу тIамо тхан кегирхошна вуно чIогIа тIеIаткъам а бинера, кхузара арадаьхча цIадаха йиш йолуш а дац тхо, бохуш, тхайн ма-хуьллу уьш кхетон гIерташ болх беш ду тхо".

Цу юкъана, нохчийн къомах я нохчийн къомах ларалуш болу нах декъа а болуш Австрехь сих-сиха скандале хиламаш нисбалар бахьана долуш меттигерчу хаамийн гIирсашкахь юкъараллина "угарре а гома диаспора2 санна цIе буьйцу цу махкахь беха нохчий.

Эдельгериев Путинан хьехамча а веш, цунах мукъадаьллачу министрийн кабинетан дарже Хучиев хьажоро хIун хийцамаш бахьар бу аьлла хета шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG