ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн а, овхIанхойн а кегийрхой юха а вовшех летта Австрехь


Австрин полицино сих-сиха дIасакъастабо шайн махкахь леташ болу мигранташ а. 2016.
Австрин полицино сих-сиха дIасакъастабо шайн махкахь леташ болу мигранташ а. 2016.

Юха а нохчийн, овхIанхойн  кегирхой вовшех летта Австрехь. Венин юккъехь чуччабахана болу шина къомах кегирхой дIасакъасто баьхкинера 11 машенахь полисхой. Цхьана нохчочунна урс тоьхна, кхин а цхьанна яй чевнаш йина латарехь.

Венина юккъехь Iуьллучу Вестбанхоф олучу цIерпошта вокзалана хьалхарчу Ойропаплатц майданахь хилла овхIанхойн, нохчийн тассадаларш. Шинари сарахь ялх даьллачу хенахь цу метте дIагулбелла болу шина къомах кегирхой вовше чучча стенна бахьана цкъачунна хууш дац. Амма шинари Iуьйранна дуьйна Австрехь бехачу вайналахь даьржинера и бераш лата кечлуш ду боху сингаттаме коста.

Цхьаццаболчу наноша вастапашкахула кхайкхамаш бора нохчийн зударшка, шайн чуьра божабераш тховса ара ца довлуьйтуш, чохь сацаделахь, тховса цхьанхьа латарш хила мега бохуш дуьйцу шуна, бохуш.

Полисхойн векалша дийцарехь, ткъех стаг хилла шинна а агIор латарехь дакъалоцуш. Уьш вовшах къастон Ойраплатце бахана 11 машенахь Iедалан белхахой. Амма полисхой тIекхаьчча а юхабовла дагахь ца хилла гулбелларш.

Царех цхьана овхIанхочо полисхой тIекхаьчча, шаьш дIасадаха гIоьртича, киснара пневматикан тапча а яьккхина, Iедалан белхахошна ша герз тухур ду бохуш кхерамаш тийсина. Амма полисхоша шега бехха герз охьадилларе кхайкхамаш бинчул тIаьхьа шегара тапча цо охьайиллича, иза лаьцна полицино.

Лаьцна лата арабевлла хиллачех кхин а кхо стаг. Царах шиъ овхIанхо ву, цхьаъ нохчо ву. Юкъарчу хьесапехь латаршкахь дакъалоцуш хиллачех I4 стагана дуьхьал бехкталламан гIуллакхаш схьадиллина, амма и лакхахь хьахийна кхоъ дIаваьккхичахьана уьш берриш а маьрша битина.

Венерчу полицин прессица болхбаран декъан векал йолчу Штайрер Иринас кхаари дийнахь журналисташка бинчу хаамца, латарехь лазийна кхо стаг ву. Царех цхьаъ полисхо ву, леташ берш дIасабаха юккъеиккхинчохь буй-тIара кхетта волу. Кхин а шиъ лазийнарг – ши нохчо ву. Царах цхьанна тIехьа урс кхетта, вукхунна пхьаьрсаха хьакхаделла урс.

Хьахон догIу, Австрехь дуьххьара нисделла дац овхIанхойн, нохчийн кегирхой вовшех летар.

Венехь а, Грацехь а, Линцехь а хилла тIаьхьарчу шина-кхаа шарчохь цу шина къомахчу берашна юккъехь Iоттабаккхамаш, доккхачу декъехь латаршца а, вовшашна чевнаш ярца а дирзина.

уш долу.

Царах уггаре а гIовгIане дерг яханчу бIаьста зазадоккху баттахь хилира, 50 герга овхIанхоша ткъех нохчийн кхиазхошна кIело а йина, царна арсаш детташ, масийтана дера чевнаш а еш. ХIетахь девна куьгбехкенарш овхIанхой лерира меттигерчу Iедало а, цхьана я шинна нохчочуьнца Фесбукехь шайн лер-алар хилча, беккъа нохчийн къомах хиларна кхиазхойн тобанна кIело а йина, царех летта болу.

Кху деношкахь, Маршо Радионо дийца а дуьйцуш, дIаяьхьира цу зуламхошна тIехь кхелан процесс, амма цхьаццаболу тешаш кхеле баьхкина ца хиларна тIедогIучу шеран чилла батте дIатеттира иза.

ХIетахь а, хIинца а нохчийн, овхIанхойн кегирхошна юккъехь лелхаш долу девнаш къастон гIерташ, царна юккъехь маслаIат дан гIерташ къахьоьгуш ю Австрерчу нохчийн-гIалгIайн Кхеташо. Цу Кхеташонан куьйгалхочо Мусалатов Шайхис дийцира Маршо радионе хиллачуьнга шайн хьежарх лаьцна.

Мусалатов Шайхи: „ХIинца сарахь 5 сахьт даьлча вовшах а кхетта, кхин цкъа а хилларг хIун ду хьовса дагахь ду тхо.

Цкъачунна хууш хIара аьлла хIуммаъ дац хиллачух. Амма хIора 2-3 бутт массаза болу вовшех леташ бу нохчийн, овхIанхойн кегирхой.

Цара хIун къуьйсу, даима а уьш хIунда бу вовшех леташ бохучух кхета гIерта тхо. Iедале а, делахь, и леташ берш, Iен ца хууш берш шайн даймахка дIа хьажийна а, царна дуьхьал цхьа гIулчаш яха йиш яц-те аьллехь хIун дара-те бохуш ву со. Кхин цу тIехь хилла сацам-м бац тхан“.

Цу юкъана Австрерчу нохчийн зударшкахь вуно боккха сингаттам лаьтта шина къомахчу кегирхоша цу кепара вовшашца девнаш лелор бахьана долуш.

Ишттачу латаршкахь бехке верг-воцург ца къастош, кадаьллачунна туху, ткъа шайн чуьра доьзалхо аравалийта а тешам ца хета шений-шений бохуш шайн гIайгIа юьйцу цара вовшашка социалан машанашкахула а, ватсапехула.

Иштта кху муьрехь цара вовшашка кхайкхамаш бо, гергарчу деношкахь шайн доьзалхой да я нана уллохь доцуш ара ца бовлийтаре.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG