ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казахстанерчу жигархочунна бертаза дарба деш ду фейсбукехь "нах эгIорна"


Жигархочун Ашим Ардакан йоI Айнур

Шымкентерчу жигархочун Ашим Ардакан гергарчара дIахьедар дина цуьнан бакъонаш кIоршаме хьешна хиларх. Байначу беттан 27-чохь кIоштан кхело сацам тIеэцна, психоневрологин диспансере ницкъаша иза охьаюьллуш.

Экспертизан талламо гайтина, 2015-чу шарахь дуьйнна психика галъяьлла, шизофрения цамгар токхуш ю иза аьлла.

Ша Ашима даредо, ша могуш хилар а, Iедало ша бен болх бахьана долуш хьийзош хилар а.

Медицинан карточкаш тIехь "Д" элпаца билгалбохуш бу диспансерехь, чолхе психикан лазарш долу нах чоьте оьцучу заманчохь.

Ардакан йоIана Айнурна дукха хан йоццуш хиина цунах лаьцна, тIаьххьарчу кхаа кIиранчохь шен ненан медицинан карта зуьйш, хан хьош ю иза.

Байначу беттан 15-чу дийнахь жигархо Ашим Ардак ехачу хIусаме баьхкира герзаца полисхой.

Зуламан кодексан 174-чу артиклца (цабезам марсабаккхар) иза бехкееш хилар дIа а хаийтина, полисхоша хьовса буьйлира цуьнан цIийнах.

Смартфонаш а, компьютерш а схьа а йохуш, ша Ардак полисхойн декъе дIайигира, цигахь барт-хаттам бинчул тIахьа морге йигина хиллера.

"Сан нанна аьттехьа а ца хаьара, ша стенна ялийна морге. Цунна моьттуш хилла, хIан-хIа, дIаделира хIара-м, хIинца шех урс тосур ду… Совнах ойланаш хьийзаш хилла цуьнан коьрте. ДIа ладоьгIча, цигахь бухахь хевшина Iаш хилла кхелан-медицинан экспертизан комиссин декъашхой. Цунна ца хууш хилла уьш стенгара бу а. Царна хьалха охьа а хаийна, хеттарш дан буьйлабелла. Цхьа хаттар 15-зза юх-юха а хоьттуш", - дийцина Айнура.

Ашим Ардак цIа яийтинера полисхоша, амма юха а тIекхайкхина хиллера байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь. ТIаккха хиинера цунна, кхело цхьана баттана дарба дан аьлла, бертаза психиатриян клинике ша охьаюьллуш сацам бинийла.

Меттигерчу акиматан социалан белхахо Тагирбокова тIе а тайна, экспертизо дина хьесапашна тIе а тевжаш, тIеэцна хиллера кхелахочо Айнабековс и сацам.

Ашиман цIийнда а, йоI а, дуккха а гергара нах а боллушехь, цунна тIехь Iуналла дан хIоттийнера хийра зуда.

"Яккхий шеконаш ю оцу зудчунна хIоттийначу диагнозех. Йоллу контекст а, опекун хIоттор а, син цамгар ю бахар а, медицинан карти тIехь дина оьшу йоза цахилар а… Ас ца боху, и фальсификаци ю, амма сан яккхий шеконаш-м ю", - боху Казахстанерчу адамийн бакъонашкахула йолчу бюрон директора Жовтис Евгенийс.

Ашим Ардакна гонах гIуллакх долор муха нисделера аьлча, Айкозов фамили йолчу цхьаммо чуделла арз бале даьлла.

Тоьшаллийна меттан далийна Фейсбукера йозанаш, репосташ.

Блогер санна, латтанца доьзначу хеттаршна гонах жигара комментареш юьтура Ардака социалан машанехь. Цо яздора кIоштахь хьехархойн бакъонаш ларъеш цахиларх а. Цуьнан йоIа бахарехь, цхьана а партехь я юкъаралхойн боламехь лаьтташ а яцара иза.

Мел йоккха гIовгIа Ашиман гIуллакх бахьанехь яьккхинехь а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан куьйгаллина хууш дац цунах лаьцна.

Маршо Радион "Настоящее время" проекто цунан гIуллакхах дерг хаьттича, шега кехатца хаамбе цунах лаций аьлла, жоп деллера чоьхьарчу гIуллакхийн министро Касымов Калмуханбета. ХIара материал зорбане йолучу хенахь а жоп кхачанза ду министрера.

Жигархочун йоIа иштта дийцина, шайн кIоштарчу акимате ша а, шен да а кхайкхина хиларх а.

Журналисташна хьалха Ардак могуш йоцуш хилар тIечIагIдахь, цIа йоуьйтур ю аьллера цара тIаккха шен нана. Гергарнаш берта ца бахара.

"Сайн нана маьршаяккха лаьа суна, иза могуш хилар тIе а чIагIдеш. Иза баккъал а ян а ю могуш. Суна иза могуш хиларх нах тешо лаьа", - боху Айнура.

Ашиман доьзал къар а ца луш, йозуш йоцу экспертиза яйта гIерта, кхечу пачхьалкхашкара говзанчаш а кхайкхина, иза кIелхьараяккхархьма.

Кху беттан 30-чу дийнахь кхелан ладегIарш дIахьур ду Ардакан хьокъехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG