Лакхарчу Радан депутатна Найем Мустафана дина тIелатар толлучу "Украинхойн бакъдерг" гIирсан журанлисташа гучудаьлла, шеконашкахь латточарех воьалгIаниг Саитов Мохьмад-Эмин хиллийла.
Азербайджанехь лаца а лаьцна, гергарчу хенахь Украине дIалур волуш ву иза. Билгалдаккха догIу, нохчийн диаспоро дов долийнарг ша Найем вара бохуш, чIагIдеш хилар.
Криминалан Киевн историкашна евза СаитовгIеран фамили: 90-чу шерашкахь Украинан шахьарахь къайлаха бизнес лелош хиларца а, хIетахь уггар а зуламхошлахь лидер хиллачу, гоьваьллачу Кочиев Викторца (тоххара Авдышев фамили лелайора цо)мпартнер латтарца а дика вевзаш вара Саитов Абубакар.
Найем Мохьмад-Эмина тIелатар дарна бехкевен Саитов Мохьмад-Эми масех компани кхуллуш юкъахь хилла а ву.
Уьш ерриш а Киеверчу Дегтяреван урамерчу цхьана бизнес-центрехь ю. Цигахь регистраци ю "Интернационалан союз", "Нохчийн къоман диаспора" цIе йолу юкъараллийн организацеш а.
Махкахоллан коьртехь ву нохчашлахь лелош йоцчу цIарца волу Гончаров Данил. "УММА" агенталлан редакци а яра оццу адресца 2011-чу шарера 2014-чу шаре кхаччалц, лакхахь хьахийначу шина организацино Iуналла а деш.
Гончаров Данил а, Саитов Мохьмад-Эми а вевзачу Киеверчу вахархочуьнца къамелдина "Кавказ.Реалии" портало. Цо чIагIдо, Гончаров а, Саитов а цхьа стаг хилар.
Шен цIе ма-ярра ца йовзийтахь, шена цхьа тешнабехк цаьргара хиларна кхоьручу цо дийцира портале (редакцин карахь тоьшаллаш ду, интервью елларг оцу нахаца воьзна хилла хиларан) дерриг а.
- 90-чу шерашкахь йоккха авторитет хилла бохуш, вуьйцучу Саитов Абубакарца дуьххьара мичахь гина шу?
- "Донателла" йохка-эцаран йоккхачу туьканахь ха деш вара со "УММА" агенталле кхачале хьалха. ХIетахь ма хетта атта дацара цига балха хIотта. Сан цхьана доттагIчо вигира со шен шефана, Абубакаран накъостана тIе. Цул тIаьхьа балха хIоьттира со. Со къона вара, ха дар бен сан карахь кхи хIуммаъ дацара.
Шарип цIе йолу цхьа нохчийн кIант вара соьца болх беш цхьана, сол дуккха а воккха вара иза. Цо дийцира соьга, хьалхарчу тIамехь ша а, Абубакар а цхьаьна тIемаш бина хиларх а, цул тIаьхьа Украине шаьшиъ схьаварах а.
Абубакар фирме веача, цо масаьрга а куьг луш, хьал-де хоьттура. Цхьана дийнахь, иза веана дIавахначул тIаьхьа Шарипа элира соьга, Абубакар дика стаг ву ша, амма стаг вер моза берал а башха хеташ вац иза, аьлла.
- Оцу компанин куьйгаллехь вара Абубакар?
- Вацара. Номенклатурщикан кIант Володин Сергей вара директор, хIетахь а чIогIа хьал долуш вара иза.Агробизнесехь вара иза. Формалехь шолгIа куьйгалхо ларалуш вара иза, амма ма-дарра аьлча, коьртаниг вар-кх иза. Доцца аьлча, "тхов" бар-кх иза. ХIинца а церан юкъарлонаш ду аьлла хета суна.
- "УММА" агенталлехь болх беш вара хьо 2011-2012-чу а шерашкахь. Агенталлан редакцин политикан хIун башхалла яра?
- Нохчийчоьнан куьйгалхочух Кадыров Рамзанах материалаш Iаламат чIогIа къобалйора цигахь. Ас айса хIиттайора уьш ленте. ХIетахь Донбассехь тIом бацара. ХIора денна Нохчийчоьнанх керла хаамаш хIитто дезара. Ас айса а лоьхура хаамаш, лакхара охьа а хьийсабора.
- Лакхара – стенгара?
- Редактора а хьийсабора а, Ларисера а кхочура (хIинца йоцуш ю иза, "УММА" агенталлан куратор Абрамович Лариса, цул тIаьхьа Гончаров Данил хIоьттинчу "Интернационалан союз" организацин куьйгалхо яра иза хIетахь). Со балхара вохийначу редакторна Нохчийчу яхана - яр кIад боцург хетара, цигахь цуьнан хIун дисинера а ца хаьа суна.
- Ткъа Нохчийчуьра хьеший оьхурий шу долчу?
- Шозза веара Кадыровн пресс-секретарь Каримов Iалви, тхуна хьехарш дан. Цул совнах кхи цхьа "тIома ваьлла лела шейх" а вара тхуна кхочуш.
Украинехь бехачу бусулбачийн урхаллан хьалханча, бусулбачийн-хабашитийн юкъараллан лидер волу Тамим Ахьмад. Бита болх, шун кхетам сирлабоккхур бу цо олура тхоьга. "Политинформацица" кхоккха сахьтехь са дуура цо тхан "дика мила ву", "вуон мила ву" дуьйцуш.
Къаьсттина "вахабисташ" ца безара цунна. Тхоьга лоррий хьоьжура. Со балхара дIаваккха а цо аьлла хиларан цхьа а шеко яц сан.
- "УММА-с" а, цуьнан долахочо а хабашиташца уллера гергарлонаш леладора бохург ду хьан и?
- 2011чу шарахь "Ар-Рахьма" маьждиг доьллучу баьхкинчарлахь хIусаман да а вара, цуьнан агIончаш а, "Донателлехь" ас болх бечу хенахь суна бевзаш хилла кхиболу нохчий а бара. Цигахь вара Iарби цIе йолу цхьаъ а, со гал ца ваьллехь, СаитовгIерах вара иза.
- Шу балха оьцучу хенахь долахочуьнца къамелдар хилари шун?
-ХIаъ, хилара. Гончаров Данил вовзийтича, цхьа а шеко ца йисира...
- Стенна тIехь шеконаш? Саитов Абубакар вара иза?
- Вара, цуьнан а бара иштта бIаьргаш. Къинхетаме. Бицлур боцуш. Цул тIаьхьа 15 шо хан ма яьлла, тамаш бара цунна со вевзинехь. Бакъду, лерина хьажа-м хьаьжира иза соьга.
"Интернационалан союзан" сайтехь яздина ду, 1962-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь вина Гончаров Данил Усманович 20 шо сов хан ю Украинан вахархо санна цу пачхьалкхехь веха. Украинан министрийн кабинетехь къаьмнашна юкъара барт латточу Кхеташонан декъашхо лаьттина а ву иза. Украинан вице-премьеро а, културан министро а, ишта кхи дIа болчара а сийлаллийн совгIаташ дина а ву.
2011-чу шарера схьа дуьйнна "Интернационалан союз" организацин президент ву Гончаров.
"Кавказ.Реалии" портало листина кеп-кепара Гончаров вистхуьлуш видеош - оьрсийн маттахь къамел цо деш, къаьсташ хуьлу нохчийн акцентехь цо деш хилар.
Автор Деркач Анвар.