ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелахоша шегара дIаяьккхина тапча юхайоьху нохчийн бизнесхочо


Москохарчу отелехь кхийсинчул тIаьхьа шегара кхелан сацамца дIаяьккхина, совгIатна елла хилла тапча юхаялар дехна бизнесхочо Джабраилов Iумара. МоскохарчуТверскан кхелан пресс-секретара Дзюрко Анастасияс бина и хаам "Керланаш" агенатлле.

"Герз лело а, латто а бакъо хиларх дехар-кехат кхаьчна кхеле", - аьлла секретара.

Нохчийчоьнан цIарах сенатор хиллачу Джабраилов Iумара тапча кхийсинера стохка аьхка Москох Four Seasons хьешан хIусамехь, кокаин олучу наркотиках кхетта а волуш аьлла, яздинера Маршо Радионо.

Кремлна дуьххьалчу отелан тховх герзаш диттина аьлла, еанчу полицино лаьцна вигинчу Джабраиловс РБК агенталле дIахьединера, ша мелла а, я наркотикех пайдаэцна а хилла цахилар.

Иштта цо бехкбиллира хьешан цIийнан белхахошна, шена провокаци ярна а. "Отелан белхахоша карзахваьккхинера со, цундела ас иштта бунт айира царна дуьхьал», - аьллера Джабраиловс РБК-н журналисташка.

ХIетахь кхело сацам бина, герз дIадаьккхинера Джабраиловгара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG