ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юсупов Iилман
* * *
ЗIе етта ахь соьга, экаме синош а дохуш,
Геннара сан лере кхачаеш хьайн озан тов.
Iаткъаме дехарш до соьга хьуо йиц ма е бохуш,
Iийжаеш йирзина яланза къастаран чов.
Амма хьо ца теша ас хьайга хьуо еза аьлча,
Сайн деган куьзга ду ас аьлча хьайн дегIан куц.
Со вуха вогIур ву, хьан цхьалла мох хьекхна яьлча,
Эсаран бос эцна ялале хьан месийн буц.

Ас хьуна юха а канашкахь яхьар ю бIаьсте,
Сайн деган дургална тIедоьхуш хьан денойн вай…
Кхоьлинчу ойланийн бIостане уьйриг а бастий,
Кхин цкъа а лахахьа цу юккъехь цхьа сирла тай….


Юсупов Iилман нохчийн поэт ву. Цо чекхъяьккхина Нохчийчохь юккъера школа а, А.А. Ждановн цIарах йолчу Ленинградан пачхьалкхан университетан историн факультет а. Белхаш бина школехь, газетийн а, журналийн а редакцешкахь, иштта Нохчийн Республикан Ичкерин дешаран а, Iилманан а министерствехь министран хьалхарчу гIовсан даржехь. Юсупов Iилман поэзин ворхI книгин автор ву: «Заманан мазлагIа» (1991), «Доьналлин маьждиг» (1997), «Иэсан гIу» (1999), «Нохчийн кхерч» (шведийн маттахь, 2011), «Илли а, мухIажаралла а» (гIазакхийн маттахь, 2015), «Хьан кхерчан суй» (2015), «Иэсаца къамел» (2016). Юсупов Iилманан байташ араюьйлу нохчийн, оьрсийн, украинхойн, болгархойн, шведийн, ингалсан, испанхойн меттанашкахь. 2001 шарахь дуьйна эмиграцехь ву иза. Карарчу хенахь Швецехь вехаш ву. 2015-чу шарахь Швецин пачхьалкхан яздархойн Союзо шен могIаршка дIаэцна Юсупов Iилман.

XS
SM
MD
LG