ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIалгIайн юкъаралла - "паччахьаллех ловзар"


ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек (аьтту агIор), мехкан муфтий Хамхоев Iийса (аьрру агIор)

Евкуров Юнус-Бек – кхиаме куьйгалхо я Iазапхо?

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:29 0:00
Линкана тIе

ТIаьххьарчу кIиранашкахь зорбанашкахь йийцарейо ГIалгIайчоь. Бусулбачийн умматах дIахерви цкъа Евкуров, юха Магасехь митинг дIаяьхьи, нийса харжамаш хилийта аьлла, тIаккха леца болий оцу боламехь дакъалаьцнарш.

Йоккха гIовгIа эккхийтира Несарехь нана а, цуьнан ши воI а вуьйш, дIаяьхьначу "леринчу операцино".

ХIун ду ГIалгIайчохь дерг? Кху гурахь "юха харжа везачу" Евкуровца боьзна буй-те и боллу хиламаш?

Я Евкуровгара цхьаъ даккха гIерта- те? Я федералан центрна хьалха шен "имидж тоеш" ву-те Евкуров?

Оцу хеттаршна жоьпаш лийхира "Кавказ.Реалиис" эксперташкахула.

Евкуров –​ Iазапхо ву?

ГIалгIайн бакъонашларъярхочунна Муцольгов Мохьмадна хетарехь, и тIаьххьара хиламаш вовшашца боьзна бу аьлча, нийса хир дац.

"Реионера Iедал моттаргIанаш лело марзделла муьлххачу а кху махкахь хуьлучу хиламех. И дерриге а Iедална дуьхьал провокаци ю аьлла туьду цара. Политикан деса къамел ду и", - билгалдоккху Муцольговс.

Оцу юкъанна и хилларг доьзна лору цо цхьана юкъараллехь, цхьана республикехь хиларца.

"Махкарчу Iедална болх бан ца хаьа. Цкъа делахь, цара лелорийг дукхачу хьолехь низамашкахь дац. ШолгIа аьлча, динан урхаллаца, оппозицица, юкъараллаца цхьана болх барехь хоьттина тIай дац", - боху бакъонашларъярхочо.

Евкуровс кхоьллинчу системехь "массо а къоланаш деш, массарна а тIаьхьа бевлла бу", - аьлла хета экспертна, дагадоуьйтуш "муфтиятца конфликт эккхале хьалха, кхелахошца а, юкъараллаца а, бакъонашларъярхошца а дуьхьалхIоттар" хилар.

"Муфтиятан ши векал, Iедал коррупци лелорна бехкедина Малгобекан дарбан цIийнан коьрта лор, оппозиционер Хазбиев Мохьмад, кхелахо лаьттина Саутиева Зима – церан массеран а керта тIеман гранатш ехкинера. И зуламаш хIинца а теллина а дац, уьш дарна цхьанна а таIзар дина а дац", - аьлла, дийцира Муцольгов Мохьмада.

Цо бахарехь, цхьана а Iедалан критикна бакъо ца елира ГIалгIайчохь маьрша акци дIаяхьа.

"Шайн гIишлошчохь мацалла кхайкхийначу нахана тIе а полици еара. Оцу хIусамчохь къола дина ца Iаш, 15 денна-буьйсанна пхи декъахо чувоьллира цара. Изза до хIинца а акци бевллачарна, ахчанца а гIуданаш а детташ", - дуьйцу бакъонашларъярхочо.

Республикехь юкъараллан-политикан хьал дика ду олийла дац, хьал иштта лаьтта дуккха а зама ю аьлла хета Муцольговна.

Амма боху, эксперто, Евкуров куьйгалле хIоьттинчу хьалхарчу шина шерачохь иштта дацара, "хан мел йолу, чIагIвелира иза" боху цо.

"Евкуровна дуьхьал спецопераци ян гIерта бохург, политикан моттаргIанаш ю, царна атта ду иштта дерзо. Низамаш лардахь, кIад а хир дац бохуш санна", - чIагIдо Муцольговс.

Евкуровна чIагIо йоллуш 4

Журналисто Шевченко Максима ГIалгIайчохь тIаьххьара хилларг "политикан къийсам бу" боху.

"Евкуровна дуьхьал лаьтта Iаламат тIеIаткъаме нах – Келигов Муса а, муфтий Хамхоев Iийса а, президент хилла Зязиков Мурад а, кхи а цхьа могIа нах. Уьш бакъболу политикаш бу, цара латториг къийсам бу, амма кхечу цивилан кепашца латто беза къийсам", - боху Шевченкос.

Цунна хетарехь, Евкуров – дика ларош, кхиаме президент ву. "Шена хьалха хIиттийначу Iалашонашца а ларийна иза. Хьалхара Iалашо яра – къайлах лела террорхой хIаллакбар. Доккхачу декъанна царех дIацIанбина цо мохк, тIаьххьара хилла эксцессаш ца йийцича", - элира журналисто.

ШолгIа Iалашо яра боху Шевченкос, хIирийн-гIалгIайн конфликт цхьана политикан формате яккхар. Цуьнца а ларийна Евкуров, шен репутацех вогушшехь, шена дуьхьал критикаш а бохуш, коьртехь гIалгIайн юкъараллан организацеш а, "Мехк-кхел" а йолуш.

Иштта Евкуровн ка яьлла ГIалгIайчоьнан экономика лакхаяккха, шеко яц Шевченкон: "Пхи-ялх шо хьалхачул а дика бехаш бу гIалгIай тахана. Хьо ГIалгIайчухула чекхваьлча го хьуна массеран а цIечу кибарчигах дина цIенош. Ткъа статистике хьаьжча – белхазалла, хьал лахдалар, къемат го", - боху цо.

"Регионан куьйгалхочунна Евкуровна чIагIо йоллуш 4 дуьллур дара ас. ХIаъ, дIахьош къийсам бу. ГIалгIайн юкъаралла хала ю. Цигахь нохчийн кIезиг тайпанаш ду. Цигара бахархой, шайн баккхийн нах хьалха а бевлла тукхумаш долуш, авторитете нахаца, шайн тайпахь лелош политика а йолуш бу".

Шевченкос билгалдаккхарехь, гIалгIайн юкъаралла цхьана къомах лаьтташ елахь а – дарж къуьйсуш ловзарш ду уьш, ницкъболчийн, ларамечийн, хьоладайн, тукхумийн.

"Оцу ситуацехь а къийсам баржийна. Цо а гойту, ГIалгIайчохь нах маьршачу, паргIатечу дахаре бирзина хилар. И а ма ду Евкуров бахьанехь", - аьлла хета Шевченко Максимна.

Материалан автор Садовская Алена, гочйинарг Димаева Лиза

Мотт ца тохарна таIзар дан оьшу аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG