ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ша лайна Iазап юха а тIедожарна кхоьру иза"


ГIалгIайчохь деши духку зудий, хIусамдай дер толлуш ду. Шеконашца лаьцна латтош ю ши зуда. Бехк-гунахь доцу кхи цхьа стаг а оцу зуламан гIуллакхна юкъахьакхорна кхоьру меттигерчу бакъонашларъяран организацин векалш.

Кху деношкахь гIалгIайн "Машр" юкъараллан организацин куьйгалхочо Муцольгов Мохьмада хааме даьккхира, ша куьйгалла дечу организацехь цхьана хенахь болх бина меттигера вахархо Цечоев Хьамзат лаца гIортарх.

Шоьтадийнахь, 19-чохь Цечоев ГIалгIайчуьрчу Талламан комитете тIекхайкхина хиллера, дийначу зудчух, майрчух лаьцна хеттарш дан. Оцу стага тIачIагIдина, шеконашца лаьцна зуда шена евзаш хилар а, зулам дечу дийнахь ша иза а, цуьнан йиша а, нана а машенахь дIакхетийна хилар а.

"Иза-м дIахецна, амма шега хеттарш дечу хенахь цунна хезна, талламчаша цхьана хIуманна санна вовшашлахь дина къамел. Лаьцна зуда доьзалхочух ю, цундела цунна еттийла дац. Амма цунна тIеIаткъам бан хала дац, шен коьртах цкъа-шозза хIума тохахь, дерриг тIелоцур ду цо", - яздо шен блогехь бакъонашларъярхочо.

Талламчаш болчуьра ша араваьлча, Цечоевна тусаделла шена тIаьхьабевлла нах хилар. ШолгIачу дийнахь цуьнга телефон тоьхна цавевзачу стага, "Iайнаэра ши миллион ахча ду" хьоьга дIакхачо дезаш, аьлла.

"Шена цхьа а стаг декхарийлахь вац, хьо галваьлла хила таро ю аьлла, жоп деллера Хьамзата. "Сбербанка" хьалха вола алахьа цуьнга, циггахь иза лаца аьтто бер бара олуш хезна Цечоевна телефонехула шега къамел дечуьнга цхьаммо", - дуьйцу Муцольговс "Кавказ.Реалии" портале.

ТIаьхьо, Цечоев ша вехачу юьрта веача, цигахь а полисхой иза лаца гIоьртинера, амма Хьамзатан царех вада каяьлла. ХIетахь дуьйнна иза цхьанна а гина вац боху Муцольговс.

"И стаг ша лайна Iазап юха а шена тIедожорна кхоьруш ву. 2004-чу а, 2010-чу а шерашкахь ницкъбина цунна тIехь. Суна хетарехь, 2010-чу шарахь, со а, кхиболу бакъонашларъярхой а Москох президентца Медведев Дмитрийца цхьанакхета дахча, йийсаре лаьцнера иза. Меттигера Iедал гIоьртира хIетахь тхуна хьеха, хIун дийца мегар ду цигахь, хIун мегар дац.

Со Москох доьдучу кеман тIе хаале, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека телефон тоьхна, хаьттира соьга, Кремлехь провокаци ян дагахь ву хьо бохург бакъ дуй аьлла. ТIаьхьо хиира суна, ницкъахоша Хьамзат дIалаьцнийла а, цуьнан хIусамах герзаш диттинийла.

Евкуровца зIене вала гIиртира со, гIуллакх ца хилира, шен телефон дIаяйинера цо. Президентца цхьанакхетар дирзинчул тIаьхьа юха хьала латийра цо и. Дукха ца Iаш, Хьамзат а дIахийцира", - дийцина Муцольгов Мохьмада.

Бакъонашларъярхо ца теша, Цечоевс стаг вуьйр вара я "шена хаа а хууш, зуламечу гIуллакхна юкъахь цо дакъа лоцур дара" аьлча. Уьш зуламна кечлуш буй а ца хууш, тарло цо церан цхьа гIуллакх кхочушдина хила цо. Иза тешна ву, шен адвокатца цхьаьна Хьамзат тIевогIур ву аьлла, талламчашна а, байинчийн гергарчарна а ша бехкевоцийла д1ахаийта.

Муцольгов тешна ву, ЦечоевгIарна а, бохам беанчу цIенна а юкъахь дов эккхийтархьама полисхой питана тосуш хиларх.

Ницкъаллийн структурийн белхахой гIиртина Хьамзатан гергарнаш тешо, иза бехкецахиларх шаьш тешна ду, делахь а цунна тIаьхьабевлла бу БатIал-Хьаьжин цIийнера нах бохуш. Байинарш церан вирдера бу.

"Спекуляци а ца лелош, зулам стагах хьарчо а ца гIерташ, полисхой г1уллакх талла декхарийла бу. Иштта ницкъахоша яьстина талламан къайле а. Хьамзат левеш яздина тептарш Iедалан муьтIахь долчу зорбанашка дIакхачийна цара. ХIинца цара яздо, Хьамзат лехамашка велла хиларх а, иза лаьцначунна кхаъ бу кхайкхийна бохуш. Со дика кхета, доьзале бохам беана, амма билггала хууш х1ума а доцуш, сихаллехь стаг бехкала волла мегар дац", - дуьйцу Муцольговс.

Дахначу кIиранах дийна зудий, майрий. Еарийдийнахь Назранан йистехь шен машенчохь коьртах герх тоьхна, вийна карийра 49 шо долу Экажевера Санталиев Iамирхан.

Масех де даьллачул тIаьхьа Къилбаседа ХIирийчуьрчу Майское олучу эвлахь цуьнан хIусамненан Заремин дакъа а карийра.

"ГIалгIайчоь" интернет-газетано шинарийдийнахь зорбане даьккхира, СанталиевгIар байарна шеконашца шиъ лаьцна хиларх.

"ЛьяновгIеран ши йиша ю и зулам дина аьлла, бехкееш лаьцна. Цушиммо мукIарло а дина", - яздо зорбанаша ницкъаллийн структурашкарчу хьосташа дийцарехь. Йолчу версица, "цхьахйолу йиша декхар хилла йийначунна, шена тIера декхар дIа ца далархьама динчух тера ду".

Иштта газета тIехь яздина ду, полисхоша кхозлагIа куьйгбехкениг лоьхуш хиларх, ткъа байинчийн гергарчара иза волу меттиг хуучунна айкхана 5 миллион сом кхайкхийна.

ГIалгIайчоьнан талламан а, ницкъаллийн а структурашкахь "Кавказ. Реалии" къасто гIоьртира, вуй цара вуьйцург Цечоев Хьамзат, амма республикан Талламан комитет дуьхьал хилира оцу гIуллакхан хьокъехь цхьа а комментари яла.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло телефон дIаеттарх, схьа ца ийцира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG