ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПIаьнказахь Ден де "билгалдаьккхира" Мачаликашвилис а, Саралидзес а


Мачаликашвили Малхаз а, Саралидзе Заза а ПIаьнказарчу кешнашкахь
Мачаликашвили Малхаз а, Саралидзе Заза а ПIаьнказарчу кешнашкахь

Мачаликашвили Темирлан бехкецахилар дIа а кхайкхадай, иза вуьйш спецопераци вовшахтоьхначарна таIзар дар доьхуш, акци дIаяьхьира оршотдийнахь ПIаьнказан чIожехь. Изза акци хIоттийнера Тбилисехь а.

Ден де билгалдоккхуш дара Гуьржийчохь оршотдийнахь. Стигалкъекъа – беттан тIаьххьарчу деношкахь Тбилисехь протесташ йолийча дуьйнна схьа, тахана а вийначу шина кIентан ши да юха а цхьана лаьтташ ву.

Хораван урамехь вийначу кхиазхочун да Саралидзе Заза вахара ПIаьнказа, спецоперацехь вийначу Темирланан ден Мачаликашвили Малхазан дог эца.

Iедалхоша кхочушдина терроран акт ду аьлла Мачаликашвили Малхаза, стохка Iай ПIаьнказахь полисхоша дIаяьхьна лерина операци. И операци кхайкхийначарна а, цу юкъахь дакъалаьцначарна а таIзар дар тIедожийна дас.

ПIаьнказара протестан гулам
ПIаьнказара протестан гулам

"Шайгара гIалат даларх къера хила беза Iедалхой. Оцу терактна бехке мел верг кхеле хIотто веза. Амма уггар хьалха, Темирлан бехкецахилар къобалдина, дIакхайкхо деза цара. ПIаьнказарчу кистойх аьлча – царна гIело ца яло. Тхайн Iалашоне кхочур ду тхо. ХIара "ловзарш" ПIаьнказарчу бахархойн цIий тIехь доьрзур долуш ду", - аьлла, ПIаьнказарчу Дуиси эвлахь гулбеллачу шен агIончашка вистхилла Мачаликашвили Малхаз.

Цара бахарехь, тIаьххьарчу 6 баттахь талламчаша цхьа гIулч яьккхина яц цуьнан кIентан гIуллакх листархьама. Нагахь Iедалхоша дан оьшург ца дахь, шаьш Тбилисе а кхаьчна, цигахь акцеш хIиттор ю бохуш, чIагIонаш йо кистоша.

ПIаьнказахь акци баьхкина бахархой
ПIаьнказахь акци баьхкина бахархой

"ПIаьнказан трагеди ю хIара. Оха нийсо юхаметтахIоттор тIедожийна. Бехк бацара ала кIентан (Мачаликашвили Темирланан). Оха тIедожадо и дIахаийтар, оцу бахьанца тахана гулделла а ду тхо", - боху акцин декъашхочо а.

"Нийса таллам бан беза оцу гIуллакхан, бехкенаш гучу а бохуш. Спецопераци дIаяхьа цаторийла ма яцара, нийса методаш ца лелор бахьана долуш стаг вийна", - элира гуламехь ПIаьнказарчу къанойн кхеташонан векало Хангошвили Хасос.

ПIаьнказхойн ойланна тIетайра Мачаликашвили Малхазна тIехIотта веана Саралидзе Заза а: "Юкъара бу вайн лазам - вайн бераш дайина, ткъа вайна нийсо ца карайо. Талламбан беза хиллачун я хIокху Iедало я кхечара, суна бен-башха дац, амма бакъо тола езаш ю. И ю сан Iалашо. Изза лаам бу Мачаликашвили Малхазан а", - элира цо.

Тбилисин бахархой а схьакхеттера Мачаликашвили Малхазах а, Саралидзе Зазех а шайн солидаралла гойтуш. ПIаьнказахь йоьдучуьнца цхьана Гуьржийчоьнан шахьарерчу пачхьалкхан кхерамзаллан хIукматна уллохь "Стаг ма ве" лозунгаца хIоттийна а яра акци.

Оцу юкъанна дуьненаюкъарчу Amnesty International организацино оршотдийнахь зорбатоьхначу шен рапортехь а яздина резонансе шина гIуллакхах лаьцна.

"Пачхьалкхан зуламан нийсояран системехь реформаш яр, иштта адамийн бакъонаш хьешна меттигаш толлуш йозуш йоцу механизм кхоллар, уггар коьрта хила деза Гуьржийчоьнан керлачу урхалхойн",- аьлла яздина ду цу артикл тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG