ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Низамера къу" Домбаев набахтера араваларе сатуьйсуш бу цуьнан накъостий


Криминалан гонашкара "низамашкара къуй" шайн лидер Домбаев Ахьмад (Шелара Ахьмад) набахтера араваларае сатуьйсуш бу. Дукха хан ца йисина иза маьршаваккха. Лаьцначуьра мукъабевлла нохчийн "низамашкара къуй" Нохчийчохь охьахевшина. ТIаьххьара царех дIакхийтира колонера араваьлла Алиев Гилани (Къоьжа Гилани ).

Цкъачунна шаьш болчахь тийна Iаш бу уьш, амма дийцарехь, кеста хьал хийцадала там бу, Домбаев араваларца. Домбаев спортаца гергарло долуш, динехь стаг ву. Маларшца воьзна хилла вац иза цкъа а. Кхиазхо волуш дуьйна цхьацца колонешкахь хан яьккхина цо. Талораш, къоланаш дарна набахтехь хан яьккхина а ву иза.

2009-чу шеран бIаьста гоьяьллачу Китайн компанино Москох йохка дагахь мачаш йохьуш йогIу 4 йоккха машен сацийнера некъан полисхоша. Оцу заманчохь Нохчийчуьра лоьмарш йолчу машенаша гобинера, шайлахь ФСБ-н белхахо Журавлев Евгений а волуш.

Контрабанда ю аьлла, еа машенара мачаш дIаяьхнера цара. ТIаьхьо, болчу хаамашца, ерриг а мачаш дIайоьхкина хиллера зуламхоша.

Оцу заманчохь къайлахчу сервисашкара балхара дIаваьккхина хилла Журавев хьалха каравеара. Цунна тIаьххье лецира Домбаев а. Иза хиллера тоба вовшахтоьхнарг.

Итт шо набахтехь даккха туьйхира цунна, оцу юкъанна "низамехь къуй" аьлла "коронаци" а йира цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG