ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Страсбургехь полицино дIалаьцна Нохчийчуьра жимстаг


\
\

Нохчийчуьра схьаваьлла 18 шо долу Анаев Iабдул-Малик лаьцна Страсбургехь, теракт кечдеш хилла аьлла, бехкала а воьллина. France Bleu радиостанцино бина и хаам.

Дийцарехь, кху беттан 18-чохь дуьйна лаьцна хилла иза, амма информаци Iораяьккхина кIира даьллачул тIаьхьа. Лаьцначо тIе ца дуьту дохку бехкаш, амма мукIарло дина цо, интернетехь "Исламан пачхьалкх" шех олучу организацех лаьцна хаамаш кегийнера ша аьлла. Радионо дийцарца, терроризмца воьзна хилла аьлла, бехкевина, лаьцначун ваша а ву набахтехь хан токхуш.

Маршо Радионо яздира, кху шеран Стигалкъекъа-баттахь Парижерчу Монсини урамехь уьрсаца нахана тIелатар дарх 1997-чу шарерчу жимчу стага. Нохчийчуьра орамаш долу Азимов Хьамзат ву иза аьлла, дIакхайкхира хIетахь. ТIаьхьо, Азимов Хьамзатан доттагI Анаев Хьаьким лецира Страсбургехь.

Болчу хаамашца, Анаев Хьаькиман ваша ву хIинца лаьцна Анаев Iабдул-Малик.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG