ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ШолгIачу ешарехь а чекхдаьлла пенсин реформех низам


Оьрсийчохь пенси воьду хан тIетухуш юкъаяьккхина низаман проект пачхьалкхан Думан шолгIачу ешарехь а къобалйина. 386 депутатах 326 кхаьжнаш тесна. Реформана дуьхьал болчу КПРФ фракцин декъашхоша акци хIоттийнера ладегIарш дIахьочу чохь, тIе сизаш хьаькхна 63 а, 65 а терахьаш тIехь долу кучамаш а йоьхна, хаамбо "Коммерсанто". Низаман проект йийцарееш кхолгIа ладегIарш дIахьур ду Думано еаридийнахь.

Маршо Радионо яздира, пенси баха пхи шо, я кхин а лахара хан йисина белхахой балхара дIабаьхна меттиг нислахь бехкзуламан гIуллакх дуьхьал доккхуш низам шинаридийнахь Оьрсийчоьнан Думано кхолгIачу ешарехь тIеэцарх

Паралментан лахарчу палатан гIишлонна хьалха пенси воьду хан тIетохарна дуьхьал болчийн акци яра дIахьош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG