ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" клубера аравели Емельяненко Александр


Нохчийчохь килс схьайоьллучу церемонехь

Оьрсийчоьнан ММА-н ийначу кепехь латархочо Емельяненко Александра "Ахмат" клубаца контракт дах ца дина. Шен Инстаграмерчу агIон тIехь бина и хаам спортхочо. "Лараме доттагIий, "Ахмат" клубаца бинчу бертан хан кхаьчна. Клубан куьйгаллаца цхьа барт хилла тхан, кхи дIа контракт дах ца дан. Латаршца спорт кхиош, цхьа гIуллакх дийр ду оха", - дIахьедина Емельяненкос.

Стохка Чиллан-баттахь дуьйнна вара латархо "Ахмат" клубан декъахь. Спортехь волчу заманчохь Емельяненкос 27 толам баьккхина, 7 эшна иза.

Маршо Радионо яздира Охан-баттахь, Karate.ru сайтан хаамашна тIе а тевжина, социалан машанехь шен фанаташца хиллачу къамелехь гоьваьллачу оьрсийн латархочо Емельяненко Александра, ша Нохчийчуьрчу "Ахмат" тобан лигехь кхи дIа цахиларх дIахаийтарх. ТIаьхьо ша Емельяненкос бакъ ца йира и информаци.

Ишта Маршо Радионо хааме даьккхира, Гезгамашин-баттахь Соьлжа-ГIаларчу Миллионщиковн цIарахчу мехкдаьттан университетан 1-чу курсе деша хIоьттина хиларх Емельяненко Александр. ТАСС агенталле биенера и хаам университетан проректоро Гайрбеков ИбрахIима.

XS
SM
MD
LG