ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь хьал марсадаьлла, бу цигахь байинарш а, лазийнарш а


Шеман Къилберчу Алеппо гIалин кIошташкахь ситуаци чIагIъелла оршотдийнахь. Британехь куп тоьхначу адамийн бакъонашна тIехь мониторинг латточу Шеман центран хаамашца, пачхьалкхан эскарша а, царна дуьхьало латточу тобанаша а вовшийн тохарш дина. Бу царлахь байинарш а, лазийнарш а.

Пачхьалкхан эскарша шайн куьйгакIел латточу Алеппорчу нах бехачу хIусамашна тIе етташ хиларх хааме даьккхира меттигерчу хаамийн гIирсаша а, оьрсийн буьйранчаша а. Цара чIагIдора, 70 стагна чевнаш йина, дукхахболчаьрца дIавш даларан симптомаш ю, хетарехь хлор хецна хилла бохуш.

Ткъа Шеман мониторинган центро тоьшаллаш до, Алеппохь тохарш дича мел лахара а 32 маьрша вахархо вийна бохуш.

Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацин (ООН) зерашца, Шемахь химин герз лелийра масийттазза, ткъа экспертийн талламашца, дукха хьолахь Асад Башаран эскарша пайдаэцна хилла цунах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG