Мисарахь вайначу пхеа ГIалгIайчуьрчу студентийн гергарчара кхааридийнахь Москохарчу пачхьалкхан векалте дехар дина, шайн нах схьалохуш гIо доьхуш. Ишта дIахIиттина пикет а дIаяьхьна цара гIишлонна хьалха, шайн кIентий схьабоьхуш.
Маршо Радионо яздира, Мисарахь вайначу ГIалгIайчуьрчу пхеа студентах хаам бац, я уьш болу меттиг юьйцуш а яц аьлла, "Кавказан узел" агенталлана тIе а тевжаш. Вайначех цхьахволчун, Плиев Рамзанан йишас кхачийнера агенталле и информаци.
Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло довзийтира, шайна хетарехь, гIалгIайн пхи студент Мисарахь дIалацаран бахьана. Оцу пачхьалкхехь еххачу ханна хила бакъо а йоцуш, доьшуш, бехаш хилла уьш аьллера министраллехь.
Кхааридийнахь консулан гIоьнче яздина кехат-дехар чуделла байначу кегийрхойн гергарчара, шайн берийн а, цара доьшучу меттигийн а цIераш билгалйохуш.
Дугиева Джанната "Кавказан узел" агенталле бинчу хаамашца, иза йоцург а, кхин а виъ стаг веара цуьнца Оьрсийчоьнан векалте. Шайгара кехат схьаийцира, амма къаьстина элира цара, "консулалла Оьрсийчоьнан дозан тIехь бехачу Мисаран бахархошна гIо латтош ю, Мисарахь байначу оьрсийн бахархошна гIо ца латтадо" шаьш аьлла.
Векалтан гIишлочуьра арабевллачул тIаьхьа цхьааллин пикеташ дIаяьхьна байначийн гергарчара, Iедалхошкара бакъо а ца йоьхуш.
"Марсхьокху-беттан 14-чохь Оьрсийчоьнан пхи вахархо дIалаьцна Мисарахь. Схьало тхан кIентий" аьлла, плакат кара а эцна, лаьттира уьш. Новкъарло ца йира шайна цхьаммо а, векалтан белхахочо тIе а веана, шен телефонца сурт даккхар доцург аьлла, дийцина Дугиевас.