ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроризмна бехкехетарш, я бехкбоцуш хIаллакхилларш


Несарарчу "Ковчег" йохка-эцаран туькана хьалха эккхийтар динера дахначу кхааридийнахь. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан информацица, вевзашвоцчу шиммо граната ластийнера полисхошна тIе. Терроризм лелийна аьлла, шеконашка эцнарш лаца гIоьртинера полисхой: тIелеттарш байира, шина полисхочунна чевнаш еш.

Хиллачух официалехь дIакхайкхийна информаци тIе ца оьцу оппозицино, уьш ца теша ишта, байинарш бехкехилла бохучух а. ГIалгIайчуьрчу къаноша къоман тезет кхайкхийна махкахь.

Кхааридийнахь суьйранна дийца даьккхира Несарахь хиллачу эккхийтарх. "Ковчег" туьканчу воьддучуохь эккхийтина бомба бохуш, дуьйцура дуьххьара. ТIаьхьо Iораделира, офис чу воьдучу меттигехь иккхина хилар.

Цигахь, цIенна бухарчу ларми чохь ю ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанаш хуьйцуш бинчу бертана жигара дуьхьал хиллачу Хаутиев Багауддинан офис.

И сурт гинчара дийцарехь, оппозиционеран машенна уллохь дина хиллера эккхийтар. Цхьа хан яьлча билгалделира, гIишло чохь иккхина хилар граната. Зулам хилале хьалха, "Ковчег" йохка-эцаран туьканна хьалха ши машен еанера: УАЗ а, "Шеви-Нива" а. Росгвардин эскархой хиллера цу тIехь.

ВКонтактерчу шен агIон тIехь "Фортанга" хьостано яздарца, чевнаш хиллачу Росгвардин эскархойх цхьаъ – Панов Роман, ГIалгIайчу кхечу регионера веана хиллера.

Официалехь дийцарца, гIишло чохь Росгвардин белхахой цхьанакхетта царна тIелеттачу Хашагульгов Муслимца а, Ханиев Илесца а. Цара граната кхоссаран бахьанашца чевнаш йинера Росгвардин эскархошна, ткъа тIелеттарш байинера дуьхьал герзаш диттина.

ТIаьхьо бевллачу тешаша меттигерчу "Фортанга" гIирсе дIахаийтира, ницкъахой офисан гIишло чу бахара, цигахь цкъа герзаш дийлира, тIаккха эккхийтар хилира, юха а цкъа герз делира аьлла.

Шайлахь шиъ лазийнарг а волуш, оцу гIишлочуьра арабевллера Росгвардин эскархой, цул тIаьхьа ФСБ-н белхахоша а, тIеман барзакъ доьхначу наха гоне ерзийнера гIишло.

Хьостано терго тIеозайо байинчарна.

Хашагульгов Муслим жигархо вара, юридикан гIо латтадора цо протестхойн акци бевллачарна. Хаутиев Багауддинан офисехь хадархо а вара иза. Цу чохь яра "Магас-Лайф" хьостан редакци а. Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан кхеташо хилале а, хиллачул тIаьхьа а цу хIусамехь дIахьора оппозиционераша шайн пресс-конференцеш. Маьрша стаг вара Хашагульгов, дуьйцу цуьнан хиллачу доттагIаша.

ШолгIа вийна Ханиев Илес IатIарш духкуш вара оцу гIишлочу воьддучохь. Цкъа а я полицин чоьтехь, я лехамашкахь хилла ши кIант вацара и шиъ.

Юкъаралхойн "Опора Ингушетии" боламан куьйгалхочо Чемурзиев Бараха кхайкхамбира еаридийнахь гIалгIайн полисхошка, бехк боцуш байинчу кегийрхойн гIуллакх таллар тIедожош. Делахь а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека Кхерамзаллан Кхеташонна тIедиллина, байинчийн гергарчаьрца царех хеттарш де аьлла.

"Бакъдолу адресаш билгалдаха, цара уьйраш хьаьнца лелайора а талла, тIебалабе церан гергарнаш а, уьш хIун лелош бара хаархьама. Граната ластийнарг мила хилла а къастаде. ГIуллакх шайн тергонехь а латтаде, хIора денна шаьш бинчу талламах соьга схьа а хаийта", - аьлла Евкуровс.

"Тхайн дайинчу берашна доьлху тхо"

Къаночо, юкъаралхочо Барахоев Ахьмада шена дика вевзара аьлла Хашагульгов Муслим. Къанойн Кхеташонехь цунах лаьцна диканиг бен ца олура боху цо. Юрист вара Хашагульгов, маьхза дуккха а дикаллин гIуллакхаш луьстура цо.

"Тхайн дайинчу берашна доьлхуш ду тхо", - аьлла Барахоев Ахьмада. Республикехь тезет ду кхайкхийна.

"Настоящее время" проектан корреспондентца Олевский Тимурца хиллачу интервьюхь дуьйцу къаночо, шаьш тезет хIунда кхайкхийна а, кхин дIа ден долчух а.

"Цхьана хIуманах ца кхета: меттигерчу Iедало дIакхайкхийнера, махкахь бандиталла а, гIаттамхой а эшийна шаьш, маьрша мохк бу бохуш. ТIаккха оппозицица тIом боло дагадеъча, царна гIирс карабо нах хIаллакбан".

"Суна хетарехь, митинге бевлларш а, адамийн бакъонаш ларъеш, харцонца латтанаш дIадохуш бина барт юхабаккхийта къахьоьгу къоман цхьааллин Комитет а кхерорхьама дина цара и", - бохуш, дуьйцу Барахоевс, Несарахь хиллачух вистхуьлуш.

"ТIаккха даим а санна нисло-кх: Iедалан дайн бакъо ю низамаш а, ГIалгIайчоьнан республикан Конституци а хьеша".

Къаночо латкъамбо, шайн махкахь синтем боцу дуккха а хан хиларх.

"Тахана къанойн уггар а коьрта Iалашо ю – кегийрхошка кхайкхамбар, низаман гурашкара а ца дуьйлуш, паргIат хиларе доьхуш. Тхайн кегийрхошна сагатдо оха".

"Бехказаллин презумпци чоьте оьцуш яц!"

Вийна Муслим дика вевзара шена, цундела официалехь дуьйцучух ша тешаш вац аьлла, "Выбор Ингушетии" организацин куьйгалхочо Нальгиев Исмаила. Массо а юкъаралхошна вевзара иза боху цо, йохка-эцаран центрехь хадархочун болх беш иза хиларна.

"Цхьа тийна, хьекъале, кIорггера Iилма долуш кIант вара иза, - дуьйцу Исмаила. – Гезгамашин-беттан 26-чохь тхо митинге арадовла кечлучу хенахь, дукха дехарш дира цо тхоьга, ма гIо бохуш. Бертаза хIума лелор дезаш вацара иза".

Офисаш чохь хилла и инцидент. Тоххара тайпанинй кхеташо яра цу чохь куп тоьхна. Кхеташ дац, оцу офис чу стенна баьхкинера Росгвардин эскархой. Магасехь митингашкахь хиллачу йохка-эцархойн меттигаш бу дехьо. Шозза хьоьвсина цигахула полисхой", - дуьйцу Нальгиевс.

"Iедалшна муьтIахь долчу массо а хьосташа селхана яздина, ши тIемало вийна аьлла, ткъа бехказаллин презумпци бохург чоьте а ца лору", - аьлла Нальгиев Исмаила.

Кхелехула чекъдаьлла доза:

  • Карарчу-беттан 6-чохь Оьрсийчоьнан Конституцин кхело низамашкахь ду элира, шина республикана юкъара дозанаш къастор. Кхелахойн сацамца а догIуш, Нохчийчоьнца дозанаш къасторхьама, оьшуш дац ГIалгIайчохь референдум дIаяхьа, ткъа дозанаш билгалдохучу хенахь оьшуш бац Федерацин Кхеташонан сацам.
  • Гезгамашин-беттан 26-чохь ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а куьйгалхоша шина республикана юкъара дозанаш къастош бертан куьйгаш яздира. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIакхайкхийра, латтанаш хийцарца шина а республикана а, шина а къомана а цхьатерра пайда беана аьлла. Ткъа гIалгIайн бахарошна ца тайра и, царна хетарехь, масийтта гIалгIайн тайпанийн бIаьвнаш тIехь лаьтта дозанаш а нохчашна кхаьчнера.
  • Гезгамашин-бутт бовш ГIалгIайчоьнан коьртачу шахьарахь Магасехь а, кхечу ярташкахь а Нохчийчоьнна латтанаш дIадаларна дуьхьал протесташ йолийра бахархоша. Цхьана баттахь гергга лаьттира уьш.
  • ГIадужу-баттахь гIалгIайн эвла веара Кадыров Рамзан, шена "Iу" ву аьллачу къаночух кхета. Ший а вовшашна къинтIера а волуш, дирзира дов.
  • Оццу беттан 26-чохь юха а ГIалгIайчу веара Кадыров – кхечу протестийн жигархочух, гIалгIайн хиллачу чоьхьарчу гIуллакхийн министрах Погоров Ахьмадах кхета. ГIалгIайн жигархой гулбеллера хIетахь Погоровн кетIахь, цуьнан агIо лацархьама. Кадыровс а, Делимханов Адама а, Даудов Мохьмада а чохь къамелаш дина хиллера, эххар а вовшашна геч а деш, дIасакъаьстира.
  • Гезгамашин-беттан 30-чу дийнахь ГIалгIайчоьнан кхело юхабаьккхира дозанаш къастош бина барт, мехкан Конституцица догIуш дац аьлла.

Материалан автор Олевский Тимур, гочйинарг Димаева Лиза

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG