ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь Amnesty International организацин белхахочунна еттар талла долийна


Козловский Олег
Козловский Олег

Amnesty International организацин белхахо Козловский Олег ГIалгIайчохь лачкъоран а, цунна еттаран а хьокъехь гIуллакх айдина Талламан комитето

ГIалгIайчуьрчу Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх долийна, Amnesty International организацехь болх беш волчу Козловский Олегна шайн махкахь еттаран хьокъехь аьлла, хаамбина бакъонашларъяран "Iазапна дуьхьалолатторан комитето".

Нохчийчоьнна латтанаш дIадаларна дуьхьал йолийначу митингашна тIехь мониторинг еш хиллера Козловский ГIадужу-баттахь. Зуламан Кодексан 126-чу артиклца (бартбина стаг лачкъор, цунна тIехь ницкъ латтор, кхерамаш тийсар) талла долийна гIуллакх. ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан ладаме гIуллакхаш луьстучу тобано шена тIелаьцна Козловскийн гIуллакх.

ГIадужу-беттан 5-чу дийнахь дуьйнна болх беш вара иза Магасехь: гIалин урамехь йолийначу протесташна тIехь терго латтош. Цо ша дийцарехь, ГIадужу-беттан 6-чохь иза дIатарвеллачу хьешан цIийне веанера цхьа стаг, ша митинг вовшахтоьхначех цхьаъ ву аьлла. Цуьнца машенчу а хиина, дIаваханера Козловский. ГIаличуьра арадевллачул тIаьхьа, дегIаца цхьалха а ваьккхина, вуьйр ву бохуш, шена кхерамаш тийсинера цу наха аьлла, дийцинера бакъонашларъярхочо.

"Сан коьрте тапча а лаьцна, шаьш со вен дагахь ду элира цара. Регионерчу экстремизна дуьхьало латточу Центрера ду шаьш аьлла, довзийтира цара. ГIалгIайчуьрчу бахархошлахь хьаьнца зIенехь ву хьо, схьадийца бехира соьга. Нагахь хиллачух ас Iорадаккхахь, шаьш сан зуда а, бераш дойур ду бохуш, кхерамаш а тийсира суна", - дийцира Козловскийс.

ТIаьхьо Къилба ХIирийчу дIа а вигина, аэропортна гена доццучохь охьатеснера иза, ГIалгIайчу юха а ма вола, республикех лаций цхьа дош а ма язде аьлла.

Цул тIаьхьа масех де даьллачул тIаьхьа Оьрсийчуьра дIавахара Козловский, шен а, шен доьзалан а са дадийна.

Провокаци хила тарло бакъонашларъярхо лачкъор бохуш, дIахьедора ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Амма цу кеппара кхерамаш тийса буьйлабелира оьрсийн бакъонашларъяран "Агора" юкъараллан адвокатна Ахметгалиев Рамилна а.

Нохчийчоьно а, ГIалгIайчоьно а латтанаш хийцарх Конституцин кхелехь вистхила дагахь хиллера юрист, ткъа кхеташо дIаяхьа цхьа де дисинчу хенахь, евзашйоцчу телефонан лоьмар тIера хаам кхаьчнера цуьнга, Петарбуха ма гIо, "хьо цомгуш а хилла, температура хьалаяла тарло" аьлла. Мессенджерехь билгалбаьхнера адвокатан доьзалх а, иза Iаш волчу адресах а хаамаш, хьо волу меттиг шайна хууш бу бохуш, къедамаш а беш.

Кхул а хьалха, 2016-чу шарахь Зазадоккхучу-беттан 9-чохь ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а юккъерчу дозанехь, Магасерчу аэропортна гергахь масех журналистна а, оьрсийн бакъонашларъярхошна а тIелатар дира, туьтмIаьжгаш йоьхначу 15-20 стага. ГIожмаш йиттинера цара журналисташна, ягийра церан автобус, лачкъийра масех компьютер а, церан долара цхьайолу хIумнаш а. Исс стагна зенаш динера цара.

Машенлелориг воцург а, автобус чохь чохь хиллера "Къизаллашна дуьхьалолатторан комитетан" пресс-секретар Жильцов Иван а, юрист Ванслова Екатерина а, норгийн Ny Tid хьостан корреспондент Виндстад Остин а, "Шведийн радион" белхахо а, "Медиазонан" корреспондент Сковорода Егор а, New Times агенталлан журналист Елагина Александра а, блогер Солунин Михаил а, "Коммерсант" газетан белхахо Прусаков Антон а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG