ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дех-ненах еддачу СаIудийн пачхьалкхарчу йоIанна тховкIело елла Канадехь


Ал-Кунун Рахафца цхьаьнакхийтира Таиландан миграцин полицин эпсарш.

СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхера еддачу 18 шо долчу ал-Кунун Рахафна тховкIело елла Канадехь. Хьалхо и йоI мухIажир лерира Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло, хаам бо "Нохчийчоь тахана"хаамийн агенталло.

Ал-Кунун Рахаф лецира кIира хьалха Бангкокерчу аэропортехь. Иза еддера Кувейтехь садоIуш долчу шен дех-ненах. Хьешан цIийнехь чукъовлаеллера иза, кхерам шена шен доьзалера схьаболуш бу, ша месаш хедорна бохуш.

Ал-Кунуна бинчу видеокхайкхамна тIе тидам бахара дуьненерчу хаамийн гIирсийн. Таиландан миграцин полицин куьйгалхочо дIахьедар дира, шен даймахко "цхьа а хьажор вац цхьанха а, билггал иза вуьйр вуй а хууш" аьлла.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG