ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарахь дIалецна студенташ маьрша баха гIерта гIалгIайн Iедалхой


КъахIиран исламан университетехь доьшу ГIалгIайчуьра студенташ болу меттиг толлуш ю, уьш дIалецна хилар бакъдина Мисаран векало аьлла, хаамбина Евкуров Юнус-Бека.

"Маршо Радионо" яздира шен агIонашкахь, яхначу аьхка дуьйна Мисарахь доьшучу шайн берех цхьана а кепара информаци йоцуш бисарх церан гергарнаш. Цара чIагIдарца, ГIалгIайчуьра пхи вахархо ву Iедалхоша лаьцна, къайлаваьккхина.

Бетонан цIенкъахь, буха таса гоьнаш а йоцуш, буззалц юург а ца луш латтош бу уьш аьллера кегийрхойн нанаоша. Венехь а, Стокгольмехь а, Парижехь а акцеш дIаяьхьира гIалгIайн диаспорийн векалша, студенташ маьршабахар тIедожош.

ХIокху беттанашкахь Мисарахь набахтехь латточу кегийрхойн гергарчара кехаташ ца яздеш меттиг битина а бац. Оьрсийн а, Мисаран а Iедалхошка а, бакъонашларъярхошка а орца доьху цара. ХIетте а, тахана а шайн доьзалхойн кхолламех хууш дац царна.

ГIалгIайн Москохара векал цхьанакхетта Мисаран посолца Талаат Наср Исхьаб Ахьмадца, хаамбина Евкуровс.

"Болчу хаамашца Мисаран ницкъаллийн структурийн белхахоша дIалецна уьш", - аьллачу Евкуровн дешнаш далийна инстаграмехь.

Делахь а я векалто а, я оьрсийн Мисарарчу консулаллаша а къастийна дац, стенгахь латтош бу КъахIирехь лецна бигина гIалгIайн студенташ. Ишта дуьйцуш дац, мича бахьанашца дIалецна уьш а.

Иккхина инцидент бахьана долуш, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо динан гIуллакхашкахула волчу шен хьехамче меттигерчу телевизионехь вистхила аьлла, кхечу пачхьалкхе деша воьдучо миграцин низамаш лардан дезаш хиларх дIахьедеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG