ГIалгIайчоьнца доза тоьхна лаьттачу ГаланчIожан кIошта шайн дайх дисинчу лаьтта тIехь баха дIабаха луучу доьзалийн терахь 200 хьаладаьлла цхьана кIиранчохь, хаамбина экономика кхиоран министраллан векало. Оцу кIоштахь болх беш яц цхьа а индустри, яц белхан меттигаш, дац некъаш, яц социалан сферан объекташ а бохуш, билгалдоккхуш, керлачу меттиге дехьадовларх ойланашкахь бу цхьаберш.
Маршо Радионо яздира, 2018-гIа шо чекхдолчу муьрехь нохчийн Iедалша дийца долорах ГаланчIожан кIошт юхаметтахIотторах. Карадеана шо – ГаланчIожан шо ду аьлла, дIа а кхайкхийра цара. Кху беттан 11-чохь дуьйна гулъян йолийра оцу кIоштахь баха охьаховша луучарех информаци. Цхьаберш шеконашкахь беха, цигахь Iер-дахаран цхьана а кепара хьелаш цахиларна, делахь а, болчу хаамашца, 200 доьзал догреза бу шайн дайх дисинчу лаьтта тIехь баха. Доккхачу декъанна бу царлахь Сунжан, ТIехьа-Мартанан, Хьалха-Мартанан кIошташкара доьзалш.
Нохчийн къам 1944-чу шарахь махках даккхале хьалха ГаланчIожан кIошт республикехь уггар а йоккха муниципалитет лоруш яра, 150 эвла яра цунна чу йогIуш. Депортацера къам цIа дирзинчул тIаьхьа, нохчашна дихкира шаьш баьхначу кIошта юхаберза. Хьалха- Мартанахь а, ТIехьа-Мартанахь а, Сунжан а, ишта кхечу а кIошташкахь дIанисбира уьш.