ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказерчу тутмакхийн бакъонаш талхор лахлуш дац Оьрсийчуьрчу колонешкахь


Оьрсийчуьрчу колонешкахь бохкучу Къилбаседа Кавказерчу бахархойн хьал дуьйцуш леррина дIахаийтар арахецна "Гражданское содействие" комитето. Цу дIахаийтарехь юьйцург ю 2015-чу шарахь дуьйна 2018 шаре кхаччалц йолу хан.

Чубоьхкинчу Къилбаседа Кавказерчу бахархойн бакъонаш ларъярна хьажийна проект йолийнера бакъонашларъярхоша 2011-чу шарахь, амма хьалхарчу дIахаийтарехь (2011-2014 шераш) буьйцурш бара нохчийн а, гIалгIайн а тутмакхаш.

Цу хенахь Оьрсийчоьнан таIзарш кхочушдаран системе Нохчийчуьрчу шина тIамехь дакъалаьцна нах баьхкина хиларна, колонешкахь а, талламан изоляторшкахь Iаткъам ловш беш бара коьртачу декъана вайнах.

Амма хенаяхала "Гражданское содействие" комитете латкъамаш бан буьйлабелира кхечу республикашкара бахархой а, аьлла ду цо комитето кечдинчу репорта тIехь.

Оьрсийчуьрча колонешкахь бакъонаш йохор нисдала мегаш ду муьлхха а тутмакхан. Амма адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а дийцарехь, уггар алсам шайна тIехь Iаткъам ловш берш бу Къилбаседа Кавказера бахархой. "Гражданское содействие" комитето билгалдоккхарехь, оцу нехан нийсонан бакъо яйа аьлла кхайкхийна боцу тӀехьажам бу Оьрсийчуьрчу таIзарш кхочушдаран системехь.

Цуьнан ши бахьана ду. Хьалхарниг ду Нохчийчохь хилла тIемаш - цу системе тIемашкахь дакъалаьцна нах кхачар.

ШолгIа бахьана ду Оьрсийчохь тIаьхьарчу шерашкахь "терроризмаца къийсам дIабахьар" дIакхайкхийна хилар. Ткъа и къаийсам дIахьош бу моттаргIанашца. Цундела, коьртачу декъана чубухкурш бу бехке боцу нах.

ТIехула тIе, Оьрсийчоьнан таIзарш кхочушдаран системехь болх бечу наха бусалба нах тIеоьцуш бу мостагIий санна. Цул сов, Къилбаседа Кавказера бахархой хан такхийта дIахьежабо шаьш бехачу меттигера маситта эзар километр генарчу колонешка. Цу кепара церан аьтто ца хуьлу гергарнаш ган а, цаьрца марзо эца а.

ТIаьххьарчу 3 шарахь харцо юхатоха гIо доьхуш Оьрсийчуьрчу 40 сов регионера 2000 гергга дехар кхаьчна бакъонашларъярхошка колонешкахь хан токхучу Къилбаседа Кавказера схьабевллачу нахера.

Уггар дукха бу царна юкъахь Сибрех а (Красноярскан мохк, Кемеровн а, Томскан а кIошташ), Приуральехь а (Перман мохк, Мордови) йолчу колонешкахь бохку тутмакхаш.

"Гражданское содействие" комитето бинчу хаамца, хIора шолагIа латкъам боьзна бу чувоьллинчунна дин лело новкъарло ярца, 45 процент латкъамаш бу лоьраша гIо ца дарца боьзна (шена юкъахь тутмакхана йиттина хиалр кехаташца тIе ца чIагIдар, могашалла галъялла вара аьлла ца Iаш гIуданан изоляторе хьажо бакъо яларца).

40 процент латкъамаш бу психологин ницкъ барца боьзна. 35 процент Къилбаседа Кавказерчу тутмакхаша латкъамаш бо, бехк а боцуш, шаьш гIуданан изоляторе хьажорна. Амма дукхачу хьолехь латкъамашкахь дуьйцург ду цхьанаметта масийтта бахьана.

Кхаа шарахь бакъонашларъярхойн организацийн аьтто баьлла бакъонаш ларйеш 170 тутмакхна цхьацца кепара гIо дан. Амма, цуьнца цхьаьна, и проект кхоьллинчхьана лахлуш дац чубоьхкинчу Къилбаседа Кавказерчу бахархошкара кхочучу латкъамийн терахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG