ТIекхочийла долу линкаш

Нах хьийза ца бича ца мегаш нах бу Оьрсийчоьнан набахташкахь а, колонешкахь а тутмакхашна тIехьожуш.

Вологдан кIоштарчу набахтехь нохчийн тутмакхашна тIехь къизалла латтош ю аьлла, хаам кхаьчна шотдийнахь. Иза гIардаьккхина Оьрсийчуьрчу цхьаболчу зорбанан гIирсаша. Цаьрга арз дина чохь воллучу нохчочун Магомерзаев Адаман нанас. Цигара тутмакхаша шайна тIехь латточу Iазапна терго яйта гIерташ мацалла хьегар дIакхайкхийна бохуш, дийцина цо журналисташка.

Мордовехь боцу бехк тIе а тоьттуш, хьийзинера нохчийн а, кхечу къомах болу а тутмакхаш.

Оцу зудчунца зIене довлар ца нисделира, амма и хаам Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхошка а кхаьчна. Чубоьхкинчу нехан гIуллакх лелочу бакъонашларъярхочо Мальсагова Асета цу хьокъехь элира, шаьш оцу набахтехь хилларг тергоне а эцна, иза толлур ду аьлла.

«Тахана хиина тхуна и хьал. Цигахь нохчийн тутмакхаш бу боху, мацалла кхайкхина. Дала мукъалахь и хIума оха тидаме оьцур ду. Кху деношкахь, Москох а яхана, и гIуллакх дуьйцур ду оха. Мордовехь а иштта хьийзош ду вайн бераш, ламаз ца дойтуш, ламазан тосу кузаш схьадогIуш, шийлачу чоьнаш чукхуьссуш», - бохуш яра Мальсагова.

ТIедогIучу кIиранахь Вологда кIошта яха мега меттигерчу бакъонашларъярхойн тоба.

Дукха хан яц Нохчийн бакъонашларъярхо, иштта арз а кхаьчна, Мордовин махка яханчура цIайирзина. Цигахь а, боцу бехк тIе а тоьттуш, хьийзинера нохчийн а, кхечу къомах болу а тутмакхаш.

"Нах хьийза ца бича ца мегаш синкхетам болуш нах бу царна тIехьожуш. Уьш ма хьийзабе, уьш цу гIуллакхана чубоьхкина ма бац аьлча, уьш кхета а ца кхета дуьйцучух. Оццул галбевлла бу-кх и нах», - бохуш дуьйцу Мальсаговас.

Болчу хаамца, тIедогIучу кIиранахь, Вологдан кIоштахь хиллачун леррина терго а йина, цига яха мега меттигерчу бакъонашларъярхойн тоба.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG