ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мордоверчу колонера нохчийн тутмакхаша гIо доьху махкахошка


Мордоверчу ИК-5 набахтера 27 стаг ву орца доьхуш.

РогIера арз кхаьчна нохчийн бакъонашлраъярхошка набахтерчу тутмакхашкара шайна тIехь къизалш лелош ю аьлла. Мордоверчу ИК-5 олучу набахтера иза дуьххьара а дац. 27 стага дина хIинца арз.

Оцу набахте яхнера нохчийн бакъонашларъярхо Мальсагова Асет.

Мальсагова: «Мордовехь чохь бохкучу вайнехан наной бара со йолчу баьхкина. ИК-5 колонехь ламазаш ца дойту, кузаш нехашна юкъа кхуьссу, дуьхьал ваьлларг, бетонах йинчу цхьана чоьна чу а вуллий, охьахаъа гIант а, хIума кхалла пхьегIа а йоцуш, кIиранахь сов цу чохь латтаво цомгуш хиллалц. Оцу беъа пена юкъахь латтабо цара уьш. Иштта во хьал ду церан. Наноша дехар а дина Мордове яханера со».

Тутмакхашна тIекхочийла ца хилла Мальсагова Асетан. Цуьнан цхьаьнакхетар хилла оцу набахтан куьйгаллийца. Даима ма хиллара уьш «цецбевлла» бара цигахь иштта бакъонаш йохош ю аьлча, бохуш дийцира цо.

Мальсагова: «Оцу берашна тIекхочийла ца хилла сан. И процедура хала ю. Лаккхарчу хьаькамашна тIекхечира. Шайна хууш дац иза бохура цара. Шу муха болх беш ду иза а хууш ца хилча, элира ас цаьрга. Шаьш хьовсур ду, и гIуллакх гIара ма даккхахьара аьлла дехар а дира цара».

Бакъонашларъярхой набахтешка бахача, цу чохь бохкачу нехан гIуллакх то ло я кхин а телха?

Мальсагова: «Ас болх бо дуккха хан ю. Суна дага а догIуш, хьал телхина цIа-м ца еъна со цигара».

Мальсаговас 20 шо ду набахтешкахь болчу нехан гIуллакхаш леладо. Цу нехан бакъонашна терго ян езаш йолчу прокуратурех а пайда ца болу бохуш, кхин дIа дуьйцу Мальсагова Асета.

Мальсагова: «Кехат цара яздича администрацино царна хьалхха, датIа а дой, тIаккха иза яздинарг оцу беъа пена юккъе чувуллу. Прокуратура а, набахтийн куьйгалхой а шайна юкъахь гергарлонаш долуш бу. Мордовехь дукха колонеш ю. Цигара нах ах я чубоьхкина хилла бу, я набахтехь болх бина бу. Садистийн психологи йолуш бу уьш. Чубоьхкина нах хьийзо ца беза бохург царна хIун ду хууш а дац».

Нохчийчуьра бакъонашларъярхоша даима дуьйцуш ду Оьрсийчоьнан бехктакхаман система хийца еза бохуш. Хьоьга хаьттича, хIун хийца деза цигахь?

Мальсагова: «Дуьххьара Москох волчу куьйгалхочо къизалла сацае аьлла дIакхайкхо дезаш ду. Федералан Iедалша и омар ца лахь гIуллакх хир дац. Адамца йолу юкъаметтиг хийца еза цигахь».

Оьрсйичоьнан набахтийн система хийца а ца хуьйцуш йитахь а, цуьнна коьртехь болчара ма хуьллу къола деш ду пачхьалкхана. 2012 шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан бехктакхаман системан куьйгалхо Реймер Александр чувоьллина ву ахча лачкъийна аьлла. КIира хьалха дIалаьцна Оьрсийчоьнан бехктакхаман системан куьйгалхочун гIовс Коршунов Олег. Иза а 10 шаранна набахте хьажо мегаш ву. Коршунов бехке веш ву боккхачу барамехь ахча лачкъорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG