ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн тутмакхаш цIера набахташкахь бита лууш ву омбудсмен Нухажиев


Нохчийчоь -- Нохчийчохь уггаре а евзаш йолчу Чернокозово набахтехь, ‎Стигал. ‎16, ‎2007
Нохчийчоь -- Нохчийчохь уггаре а евзаш йолчу Чернокозово набахтехь, ‎Стигал. ‎16, ‎2007

Нохчийн омбудсмено Нухажиев Нурдис дехар дина Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула векале, нохчийн тутмакхашна шайна тоьхна хан цIахь такха аьтто беш гIо дахьара аьлла.

Болчу хаамашца, мехкан дозанал арахьарчу, доккхачу декъана шийлачу меттигашкахь чохь бахкочу нохчашна а, кавказхошна а леррина Iаткъам беш бу набахтийн куьйгаллийн пурбанца. И баланаш лан хала болун дела холчахь бу и тутмакхаш, аьлла хета Нухажиев Нурдина.

Нохчийн обмудсмено динчу оцу дехарна цкъачунна жоп делла дац Москохара. Цунах гIуллакх хилахь а тамаш хета меттигерачу бакъонашларъярхошна.

Дукха а шераш ду Мальсагова Асет​ пачхьалкх мел ю вайнехан тутмакхаш латточу набахтешкахула, церан гIуллакхаш айдина лела. Нухажиевн цхьана лаамца бехктакхаман система хийцалахь тамаш хета шена бохуш дуьйцу цо.

Мальсагова: «И низам атта хийцалур ду аьлла ца хета суна. Прокуратура а, УФСИН а цхьаьна болх беш ю. Царна Москохара доуьйтуш ду терахьаш, оццул чубохка олий. ЧIогIа нисйина ю церан и система».

Оьрсийчохь дукха хена дуьйна схьадогIуш ду, набахте чувоьллинчу стагана, таIзар дарал сов, иза шийлачу а, атта нах тIе ца кхачалучу а меттигашкахь латтош. Дукхахйолу набахтеш Оьрсийчоьнан шийлачу меттигашкахь ю, ткъа уьш ерш хьалаюьзна ца хилча, болх дика беш ца хета Iедалшна бохуш, кхин дIа а дуьйцу бакъонашларъярхочо Мальсагова Асета.

Мальсагова: «Вайн Нхчийчохь набахтеш кIезиг ю. Набахтеш шийлачу меттигашкахь ю. Цхьа эзар итт ю уьш. Нах чубухку, уьш луьрачу меттигашка дIаоьхуьйту. И набахтеш еса йита мегар йолу яц. Бизнес ю-кх иза».

Ницкъаллан структурийн система а Оьрсийчохь хIоьттина ю, дуьххьара дIа мискачу а, къечу а нахана Iаткъам бан. Нохчийчохь а ду изза. Чувоьллинчу мискачуьнан гергарчеран аьтто ца болу цунна тIекхача а, цуьнан дог эца а элира бакъонашларъярхочо Мальсагова Асета.

Мальсагова: «Хала бохкучу нахана шайн гергарчунна набахте тIаьхьа баха-м ца хаьа, цунна совгIат дахьийта а аьтто боцуш хуьлу. Чубухкурш мисканаш бу. Таро ерш ахча лой кIелхьара бовлу. Миска нах хIинца лоруш бац. Уьш бу чубухкурш».

Нохчийн тутмакхашка цIахь такхийта еза шайна тоьхна хан аьлла хета ша а дуккха а шераш набахтешкахь даьккхинчу Iалавди цIе йолчу стагана.

Iалавди: «Оьрсийн тутмакхийн бакъо ю хан такха шайн гергара нах а, да-нана а долчу дIабаха. Нохчийн и бакъо яц. Бала токхуш бу вайнах геннарчу набахтешкахь. Талха а телха нах, суна сайна гина хIуманаш ду-кх уьш».

Нохчийн тутмакхаш тахана цIахь бита лиъча а иза далур долуш хIума дац. Чохь латто меттигаш яц. Соьлж-ГIалахь масех шо хьалха ян йолийра керла набахте. Дуьххьара иза дIакхайкхийра зударшна еш ю аьлла, юха-божаршна аьлла. ХIинца я царна а, я вукхарна а йоцуш, ах хьала а йина, лаьтташ ю иза, гонаха къух а даьлла.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG