ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхело набахтехь витина журналист Гериев


Chechnya -- Chechen reporter Geriev Jalavdi

Iуьйранна Соьлж-ГIалахь йолаеллачу кхело дукха хан ца яйира. Ши-кхо минот бен ца ийшира кхелахочунна шаьш бина сацам дIабовзийта. Шелан кIоштан кхело юьхьанца бина сацам, набахтехь дакхха 3 шо, хийца а ца хуьйцуш битина.

Гериев Жалавдин да а, нана а дара тешна аппеляци йича, цунна хьалхарчу кхело кхайкхина хан дIа а яьккхина, шайн кIант цIавоьрзур ву бохучух. Амма хетаррг ца хилла шайна, аьлла Маршо Радиога дийцира Гериев Жалавдин дас Насрудис.

Гериев Насруди​: «Хьалхалера сацам харцонца бина бара. Иза нислур бацар-те аьлла аппеляци йинера оха. И харцо кхин а чIагIйелла-кх тхуна хIинца. Кхин цкъа а арз дийр ду оха. Гойтур ду-кх замано».

Гериев Жалвдин дена Насрудина тамашийна хета, гуш лаьтташехь, кIайн дерг Iаьржа ду а бохуш, харцонца цунна тIехь кхел яр. Шен кIанта КъорIан тIехь биина дуй а ца тоьира царна, элира цо.

Гериев Насруди​: «Жалавдис ша пачхьалкхан дуьхьал лелийна хIума ма дац, наркотикаш лелийна яц аьлла дуй биинера КъорIан тIехь. Делахь а, иза тидаме а ца оьцуш, хан хийца а ца хуьйцуш йитина цара».

Ша Гериев Жалавдис, шега деллачу тIаьххьарчу дашехь кхелахошка кхайкхам бира, шаьш бусулба ду бохуш шу делахь, дуй баа, ша бехк а болуш набахте вохуьйтуш ву аьлла. Йиш йоьхна, цо ша а биира дуй наркотикашца цкъа а уьйр хилла яц шен аьлла.

Гериев Жалавди: «Делан неIалт хуьлийла вайх харц луьйчунна. Суна а Делан неIалт хуьлийла, со оцу наркотикашца уьйр йолуш валахь. Делан неIалт хуьлийла, ас дина доцу зуламанна со бехке вечарна. Лараме кхел! Со маьрша ца воккхуш аш тIеоьцу муьлхха а сацам бакъонца хира бац.

Аш шайн сацамца жоп дала дезаш ду, юй Нохчийчохь бакъонца кхел бохучу хаттарна. Нагахь санна ю аш бахахь, тIаккха суна тIера бехк дIабаккха беза. Нагахь яцахь со набахте дIагIур ву-кх. Сан кхин хIумма а дац ала!».

«Кавказский узел» сайтан корреспондент Гериев Жалавдин гIуллакх нохчийн юккъараллехь тидамехь латтийна а ца Iаш тергонехь ду, цу кеппара кхелан харцонашца Iоттабеллачу нехан а. Чергасбиева Зулиханан кIант а ву, 18 шо а тоьхна, чувоьллина. Цо иштта мах хадийра Оьрсийчохь кхелаша лелочунна.

Чергасбиева: «Оьрсийчохь цхьанна а меттехь нийсонца кхел йоцийла хаьа суна. Изза хьал Нохчийчохь а ду. Нанойн къиношка хьожуш цхьа а вац. Вайн тоьлла кIентий, дIа а луьйцуш, боцу бехкаш а бохкуш чубухкуш бу».

Гериев Жалавдин гIуллакх нийсонца ца дерзадахь шаьш Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле кхача дагахь ду аьлла дIахьедар дина цуьнан адвокаташа.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG