ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровга гIо доьху ши адам дерна валлалц чохьваллочу тутмакхо


Оьрсийчоь - VS-389 / 36-1 олу Уралера Кучин эвла йистехь йолу колони. 1999
Оьрсийчоь - VS-389 / 36-1 олу Уралера Кучин эвла йистехь йолу колони. 1999

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Раммзане хIинцалц наха динчу дехарех уггаре тамашийначарах хила мега Вологодан кIоштара динарг. Цигара «Огненный» олучу гIайренера белла дIабовлалц чохь бахко хан тоьхначеран набахтехь валлучу нохчочо Джабаев Зайндис доьху цуьнга, шена низамо ма бохху, 25 шо чохь даьккхинчул тIаьхьа аравала бакъо кхочуш ян гIо дахьарабохуш.

Шен дехарна тIехь цо хоуьйту ша зулам дарна дохко ваьлла хилар а, ша я тIемало а, я террорхо а хилла ца хилар а. «Амма нохчо хиларна бакъоно магош доллушехь , хенал хьалха араволуьйтура вац» ша боху цо.

Оршотдийнахь «Cherinfo» олучу интернетан сайт тIехь а зорбане яьккхина Джабаев Зайндин интервью. 1993 шарахь зуда а, бер а дийна аьлла чувоьллина ву иза. Дуьххьара цунна тоьпаш тоха сацам бинера кхело, амма Iедалша оцу таIзаран дуьхьал велла дIаваллалц хан такха набахте чувоьллира иза.

Оьрсийчохь иштта чубоькхина нах арабовлуьйтуш Iедал а дац. Ткъа Джабаеван аьтто хир буй теша, цо ма лоьххура мукъавала, аьлла деллачу хаттарна иштта жоп делира адвокатан болх бечу Касумов Султана.

Касумов: «Оцу нохчийн кIант гIарадаьккхина шен гIуллакх. Кхелаш йозуш яц бахахь а, политикца ийна ма ей. Иза зек ву ма бохий цара. Лаьцна чувоьллина латтийна стаг ву иза. Психологин агIор кийча бац уьш иза арахеца, хIара ша цхьа ша-тайпа хилам ца хилахь. 25 шаре тутмакхаш бовла а ца бовлу. Оццул а дика ваьлла иза».

Набахтешкахь чубоьхкинчу нехан гIуллакхе хьожуш, церан бакъонаш ларъян гIерташ лелачу Мальсагова Асетан герга бу Джабаев Зайнди санна болчеран баланаш. Иштта белла дIабовллалц чубоьхкинчу дукха наха шега гIо доьхуш дехарш до бохуш, дуьйцу цо.

Мальсагова: «Темирбулатов бохуш ву иштта чувоьллина цхьа стаг. Цуьнан ши ваша а, йиша а, дIа а дигина, тIепаза дайина, иза ша чувоьллина. Хантехь ву иза чувоьллина. Цуьнан нах байинарш хIунда ца озийна кхеле? Мел долу хIума цунна тIе а оьллина хIинца иза чохь валлош ву. И мел долу хIума цо динехь, цунна тIехь оццул къиза таIзар дан йиш ма яц».

Шен дуккха а нах бевза боху Мальсагова Асета, ехха хенаш а чохь а яьккхина арабевларш кхечарна гIиллакхаца а, доьналлийца а, масале хIитто мегар болу. Коьртаниг цара хам бо шаьш юха а амаьрша хиларх, дуьйцу цо.

Мальсагова: «Суна зеделлачарех цхьа ши стаг ву, ехха хенаш чохь а яьккхина араваьлла. Суна вайн Нохчийчохь иштта оьздий, шайн дош а лардешший нах гина а бац. Оццул массо а хIуман тIехь ларлуш, шайн зударий а балийна Iаш бу уьш.

Кхидерг ду, уьш маьрша дахарх дIа ца эйта гIерташ лелаш низаман система хилар. Цкъа чувоьллина стаг 100 процент ю-кх хьуна иза юха а чувуллург хиларна. Куьпан полисхочун я талламхочу иза ца тахь, иза юха а чувуллур ву-кх хьуна».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG