ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн цIераш дIайовш ю аьлла, елла информаци юхаэцна "Нохчийчоь Тахана" агенталло


Шо шаре йовш лаьтта дуьненчу дуьйлучу берашна хIинццалц тохкуш, лелийна нохчийн орамаш долу цIераш аьлла, "Нохчийчоь Тахана" агенталле елла информаци юхаэцна Старопромыслан кIоштарчу адам кхиар-далар тергонехь латточу урхаллан (ЗАГС) куьйгалхочо Ахмедова Хьасимата. Дукха хьолахь карарчу заманахь Нохчийчохь дуьненчу дуьйлучу берашна тохку бусулба пайхамарийн, церан гергарчийн, накъостийн цIераш. Хан-зама яьлча Нохчийчохь хьалха дайша лелийна хилла нохчийн цIераш юкъара дIайовла там бу аьлла, билгалдаьккхинера цо.

"Нохчийчоь Тахана" агенталло керла хаам зорбане баьккхина, ЗАГС-ан куьйгалхочо шайца зIене а яьлла, и материал харцъяр дехна аьлла.

"Шун корреспондентца дечу къамелехь, оха йийцира тахана шуьйра тахка йолийначу цIерех. Суна ца лаьа, цу тайпа информаци сайгара яржа. Нохчийн цIераш юкъара йовлуш ю бохург ас аьлла дац", - дIахьедина боху Ахмедовас.

Маршо Радионо яздира шен агIон тIехь, агенталлан а, цул совнах, тхоьца зIе латточу бахархойн хаамашна а тIе а тевжина, Нохчийчохь дуьненчу довлучу берашна тохку цIераш хийра хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG