ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тумгоев Донбассехь тIом бина вац аьлла къайлахчу сервисаша


Украинера экстрадици йина Къилба-ХIирийчуьра вахархо Тумгоев Тимур Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша бехке ца во, Донбассехь оьрсашна дуьхьал тIом барна. "Кавказ.Реалии" портале бина и хаам, Тумгоевн гIуллакх толлучу хьостано.

"Талламчийн материалашкахь Украина хьехош яц, я хир а яц аьлла хета суна", - дийцина цо портале.

Ишта дуьйцучо билгалдаьккхина, Тумгоевн гIуллакх теллина долуш хилар а, цунна дуьхьал кховдийна бехк кхаа артиклца хилар а. Дийцарехь, 15 шарера 20 шаре кхаччалц хан кхачайо цунна набахтехь яккха.

Хьалхо шайх Мансуран цIарах кхоьллинчу батальонан векалша, шайлахь Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а бахархой а болуш, дIахьедира, Тумгоев сепаратисташна дуьхьал Донецкан дозан тIехь тIемаш бина ву аьлла. Ткъа Украинерчу Инарла прокуратурано и информаци бакъ ца йира.

2018-чу шарахь Украинас Оьрсийчоьне дIавелира Тумгоев Тимур. Оьрсийчоьнан ФСБ-но бехкевора иза Шемахь Асад Башаран ражна дуьхьал тIемашкахь дакъалаьцна ву аьлла.

Ткъа Тумгоевс Шеман территори тIехь ша хилла а вац аьлла, дIакхайкхийра.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG