Нохчийчуьрчу парламентан декъашхочо Ханбиев Мохьмада харцдина ша шена оьрсий ца беза аьлла бохург. Цунна хетарехь, иза доьзна ду гочдеш гIалат далийтарца а, ша аьлларг оьрсийн маттахь муьлххачу а агIор кхето аьтто болуш хиларца а.
Ханбиевс дийцарехь, тIом беш волуш а цо тIеоьцуш хилла шайн бераш лоьхуш лела оьрсийн наной а, дай а.
Ичкерин хиллачу тIеман министро шена ца беза аьлла билаглдаьккхина "Шаманов санна зуламхой болу оьрсий". "Ткъа иШаманов а, Буданов а санна болу зуламхой, дера, суна беза ма ца беза", - боху Ханбиевс журналисташа дехар дича ша йинчу комментарехь.
"Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъашхочун Ханбиевна оьрсий ца беза аьлла цу партин куьйгалле латкъам беш видеосюжет зорбане яьккхинарг вара оппозиционер Навальный Алексей.