ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зулам деш йоккху видео полицино хаам барца сацийра Facebook-о -- Гарлик


Керлачу Зеландин байракх.

Крайстчерчехь шина маьждигана тIелатар динчу миноташкахь Керлачу Зеландин полицино Facebook-е хаам бина хилла герз детташ воллучу стеган агIон тIехь хуьлург гойтуш йоьдуш трансляци хиларх лаьцна. Цунах лаьцна дIахьедар дина шен Twitter агIонехь Австралерхь а, Керлачу Зеландехь а Facebook социалан машанан директор-координатор йолчу Галик Миас (Mia Garlick).

Цул тIаьхьа шаьш сихонца Facebook-ра а, Instagram-ра дIаяьккхира, боху Facebook-ан векало, цу стеган агIонаш а, ткъа иштта видео а. Гарлика бинчу хаамца, цу социалан машанаша дIадохуш ду зулам дар хестош а, терроран т1елатар динчун я дичарна гIортор еш а долу шайна гучудолу йозанаш.

Хьалхо бинчу хаамца, Facebook-о, шен белхахошца цхьаьна, цу балхана юкъаозийна ю леррина технологи а.

XS
SM
MD
LG