Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхо Темрезов "хьавеш" вац цкъачунна. Республикехь а, цуннна гонах а лела зуламаш дукха делахь а
АрашуковгIар, да а кIант а, лецначул тIаьхьа хийцамаш бан болийна махкарчу Iедалхошлахь. Путина даржера вохийна прокурор Терещенко Александр. Иза хилла АрашуковгIаьрца уллера гергарло долуш, хаамбо РБК агенталло, шен хьостанашна тIе а тевжаш.
АрашуковгIар лецна ши бутт хьалха. Дена, Раульна, "Газпром межрегионгаз" хьукматаш инарла директорна бехкедина 30 миллиард соьманна газ лечкъор. Цуьнца цхьана дийнахь лаьцначу цуьнан кIанта, зуламаш лелорхьама, гIера а кхоьллина, нах а байина, боху.
АрашуковгIар лецначул тIаьхьа леца болийра церан го, цIийнах хьаьвсина дукха наханна. Оццу муьрехь лаьцна кхобучуьра арахийцира кхело Арашуков-жимхачул хьалха Кхарачой-Чергазийн цIарх Федерашин Кхеташонехь мехкан векал лаьттина Дерев Вячеслав. Хууш ду ДеревгIаррий, АрашуковгIаррий вовшашца гIоьртина бехаш буйла. Билгалдаккха догIу къовсам къаьмнашна юкъахь цахилар - ший а некъий чергазех бу.
Махкахь дуккха а хьаькамаш даржех баьхнехь а, коьртачух – мехкан урхаллахочух Темрезов Решедах цкъачунна ца хьакхабелла хийцамаш. Иза вац хьехош махкахь дийцаредечу даккхийчу зуламашлахь. Ткъа вац мукъа политикан къовсамех а, кег-мерсачу Iотта-баккхамех а – масала, гIоьртина ю цуьнан юкъаметтигаш мехкан парламентан депутатца Чикатуева Алиница.
"АрашуковгIар лецнера аьлла, доха хIума дац Темрезовн. ХIунда аьлча, АрашуковгIар лецийтинарг Къилбаседа Кавказера президентан векал Матовников Александр ву, Кхарачой-Чергазийчуьра хьал дика девзачу эксперто "Кавказ.Реалига" бахарехь.
Хьостано чIагIдарехь, яхначу гурахь Матовниковс Оьрсийчоьнан президенте кехат дIакхайчийна хилла, АрашуковгIара харцонаш лелайо Кхарачой-Чергазийчохь, аьлла. Ткъа и гIулч президентан векале яккхийтина махкахь АрашуковгIеранний, царна дуьхьаллаттачуй доьзалшна юкъабоьллачу къийсамаша.
"Матовников Темрезовца доттагIаллехь ву. Цунах тоьшалла до Керстадечу дийнахь (День Крещения Господня) яьккхина, яьржина лелачу цхьана видео чохь, "АллахIу Акбар!" мохь а бетташ, Матовниковца шийла хи "къардеш" ву Темрезов. Цунна жоп луш, гонахарчара боху оьрсийн-Iаьрбийн дешнашца "Воистину Акбар!" ("Бакъ а долуш, Акбар!"). Йовха юкъаметтигаш ю цушиннан. Матовниковна, оцо ша динарг дарна, Кремло "плюс" хIоттийна, цуьнга ца хоттуш бийр бац махкахь хийцамаш", аьлла хета Черкесскерчу тергамчина.
Темрезовс тахана ша Матовниковца лелош доллу довха гергарло лелийра цул хьалха Кавказехь президентан векал лаьттинчу Хлопонин Александрца а, Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочунна тIехь бац АрашуковгIарна тIехула хьаьвзина кхерам, аьлла хета хьостанна.
Темрезов Рашид мехкан куьйгалхочун дарже хаийра 2011-чу шарахь, нахана дагахь а доцуш Эбзеев Борис оцу меттера дIаваьлча. Путина шозлагIа а чIагIвира иза шегарчу даржехь – иза дара 2016-чу шарахь. Дуьсу цунна урхаллехь даккха ши шо. Оцу шина шарахь шорлуш лаьттар бу мукъадала тарлучу гIенто айбина къовсам. ХIинца, гарехь, политикан хьелашна кхераме бац АрашуковгIарна гонах хьаьвзина "шайтIан-мох".