ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна дуьхьал гIаттам


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхошца Кадыров Рамзанца а, Евкуров Юнус-Бекца а цхьанакхетарехь
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхошца Кадыров Рамзанца а, Евкуров Юнус-Бекца а цхьанакхетарехь

ГIалгIайчуьра протесташ Кадыров Рамзанна дуьхьал гIаттам бу аьлла, хьесап дина политолога Белковский Станиславс. Йоллу Къилбаседа Кавказна тIехь Кадыров доладан гIертар бахьана долуш иккхина конфликт ю иза, тешна ву эксперт. ГIалгIайчуьра протесташ шех хьакхалуш йоцуш санна, кеп хIоттийна Iа Москва.

Путин Владимира шен хьесапехь, формалехь а доцуш декхарш дIасадекъарца, йоллу Къилбаседа Кавказах жоп дала хьакъвинчу Кадыровна тIехь ду ситуаци цхьалха яккхар, боху Белковскийс.

ГIеххьачул а рол ловзайо кхузахь Къилбаседа-Кавказан федералан гонийн векало Матовников Александр а. Эксперто билгалдоккху, Матовников федералан гIуллакхдарехь инарла велахь а, де-факто аьлча, Кадыровн агIонча хилар.

Карладоккху, Кадыров Ахьмадан хадархойн куьйгалла дина ву Матовников, оцу гергарлонашкахула хIоттийна ву иза Къилбаседа Кавказан федералан гонан векал а, тешна ву Белковскийс.

Проблема ерзалур яра аьлла хета экспертна, нагахь Къилбаседа Кавказерчу исламан регионашна суверенитет лахь. Гулделла хеттарш листа и цхьа некъ бен ца го цунна.

Дагалоцур вай кхи цхьа резонансе тIаьххьарчу заманчохь хилла истори. Къилбаседа Кавказел а арахьа а юьйцуш ю иза хIинца. Нохчийчуьрчу "Газпромна" декхар дуьтуш сацам бинчул тIаьхьа лецира АрашуковгIар: да а, кIант а.

Соьлжа-ГIаларчу кхело 9 миллиард сом тIера даьккхира Нохчийчоьнна. Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь эргIадалла гIаттийра цу сацамо. Цхьа могIа оьрсийн регионашкахь дIахьедира, газах декхар шаьш-шаьш токхур дац аьлла. И гIовгIа йоьдучу юкъанна дIалецира Кхарачойн-Чергазийчоьнан цIарах Федерацин Кхеташонан декъахо волу Арашуков Рауф а, цуьнан да Рауль а.

Нах байина аьлла, бехкх кховдийра хьалхарчуьнга, ткъа шолгIаниг лецира 30 миллиард соьмана газ лачкъийна цо аьлла.

Цхьаболчу эксперташа чIагIдора, Нохчийчоьнан куьйгалхочун "газан паччахьца" Арашуков Раульца иккхина конфликт бахьана долуш, Кхарачойн-Чергазийчуьра клан йоьжна бохуш.

Регионийн чоьхьара проблемаш бахьана долуш хила а тарло Кавказехь Кадыровн Iаткъамбар чIагIдалар. ГIалгIайчуьрчу ситуацига хьаьжча тергал дало, Нохчийчоьнца дозанаш къастор нийсонца цахиларна гIаьттинчу гIалгIаша, мехкан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Бекна дарж охьадиллар а тIедожийра.

Кремло стохка гурахь кхоалгIачу ражна юха а республикан куьйгаллехь тIечIагIвира пхеа шарна Евкуров Юнус-Бек. Нохчийчоьнан куьйгалхо юкъара ваьккхича, кхиболчу луларчу мехкийн урхалхошлахь уггар а веха Iедалан коьртехь лаьттинчех ву Евкуров. Иза еххачу заманчохь Iедалан куьйгаллехь лаьтташ хиларна а, маьршачу некъашца иза хийца ницкъ ца кхачарна а, ГIалгIайчоьнан экономика гIад дайна хиларна а марсаюьйлу цу республикехь протесташ а, разабацарш а. Оцу процессашкахь Кадыровн рол кхи башха лакхара а яц.

Кадыров воцург а, дуккха а мостагIий хиллера АрашуковгIеран а. Дикка хан яра Кхарачойн-Чергазийчохь гоьбевлла юкъаралхой байийна цо бохуш, Арашуков Рауф шеконашкахь латтавен.

Кадыровн шен а бу мостагIий. Нохчийчохь цо адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларна а, маршонца доьзна йоллу Оьрсийчохь хьал телхина догIуш хиларна а либералаш дуьхьал бу цунна. Кадыров динан сферехь лаккхара дарж дIалаца гIертарна Iеламчаша шаьш реза ца хилар хоуьйту кест-кеста.

ТIаьххьара хьахийча, уггар а коьртаниг хIун ду хьуна аьлча, Оьрсийчоьнан ницкъаллийн структурашкахь дуьйцу, шолгIачу оьрсийн-нохчийн хиллачу тIамехь эшначул тIаьхьа, Кадыровс а, Нохчийчоьно а дуккха а шен лаамалла гойту бохуш. Путинца йолу юкъаметтигаш Кадыровн хьасене мел ю, цуьнан гIуллакхаш ледара хир дац аьлла, тешна бу политологаш.

Бакъду, Кадыровн "Кавказна тIехь терго латтор" цкъачунна карара даьлла го царна. Коьрта проблема го - Нохчийчохь урхалла деш лело кепаш кхечу Оьрсийчоьнан территореш тIехь а, дозанал арахьа а лелаш ца хилар.

Политикан шога режимаш латточу Къилбаседа Кавказан мехкех а хьакхало и. Кремло шега дарж а, ресурсаш а даларна дуьхьал, ницкъ ца тоьа Кадыровн Нохчийчохь бен "паргIато а, къепе а" латто.

Материалан автор Дзуцати Валерий

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG