ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Панкисин маьIнехь тIом


90 % бахархой дуьхьал хир бу тоькан станци яйта
90 % бахархой дуьхьал хир бу тоькан станци яйта

Тасадаларш дирзинчу шолгIачу дийнахь хиллачух меттаян гIерташ ю Панкиси. Биркиани олучу эвлахь дахначу оршотдийнахь гулбеллера меттигера бахархой, юха а шайн позици билгалъяккха Iалашонца. Шайн чIожехь "Хадори -3" олу тоькан станци (ГЭС) хIоттайойтур яц шаьш боху наха.

Ветеранийн-ницкъахойн а, Гуьржийчоьнан патриотийн а Боламан векалша бахархойн хиллачу цхьанакхетарехь шаьш цаьрца цхьана хилар дIахаийтина. Йоллу юрт бохург санна гулъеллера ветеранаша олучуьнга ладогIа а, шайна хетарг дIакхайкхо а Iалашонца. Кеп-кепарчу хенашкара божарий, зударий, ур-атталла бераш а цхьана дара кхеран гуонах детталуш. ТIе а гулбелла, лерина ладоьгIу гулбеллачара ницкъаллийн структурашкахь болх бинчу ветеранийн боламан куьйгалхочуьнга Бердзнадзе Гияга, цул тIаьхьа хIораммо а дош олу шайг-шайгара.

ЧIоже чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан спецназ хьажорах жоьпалла Iедалхошна тIехь дуьту цара.

"Тхоьца тIом бан баьхкина бара уьш. ХIетте а тхо марадеттадала дезара царна, убанаш йохуш – "салам Iалайкум" а олуш?", - боху меттигерчу цхьахволчу вахархочо.

Гулбеллачарлахь кхечо цунна тIаьхьара олу: "Тхо шуьга дов кхийдош ма дац", - ветеранийн Боламан векална тIе а воьрзуш.

Шайна хетарг ала йоллу юрт вовшахкхеттера
Шайна хетарг ала йоллу юрт вовшахкхеттера

Сирачу басахь свитер йоьхначу жимчу стага, масех ша хьалха а волий олу, шел хьалхачара а хазийна доллу дешнаш: нахана ца лаьа кхоалгIа ГЭС дIахIоттаяйта.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министро дош делла, нагахь юьртарчу 90 процент бахархоша пурба ца лахь, шаьш ГЭС хIоттор яц цигахь аьлла. Бакъду, жимстаг дIоггара тешаш вац министран дашах.

Цуьнан къамелна юкъагIурту гIеметтахIоьттина стаг: "Ас массо а журналисте а дIахьедина, хIинца юха а боху, цхьа нохчо кхузахь дийна мел ву, ГЭС йойтур яц".

Жимма дехьо лаьтта зударий. Камерех шайн бIаьрг ма кхийтти, дIаса а хилла, уггар а къамелна тIерайолчунна тIе пIелг хьажабо цара. Алханашвили Дареджана дуьйцу, хIунда дуьхьал бу меттигера бахархой тоькан станци йиллийта:

"Кхузахь ГЭС йичхьана, чомахь кхуьуш бIар дац, туьрк бац, цхьана а кепара стоьмаш яц. Ерриг а хIаллакхуьлуш ю, нIаьнийн а туьйсуш. Ши станци йолуш ма ю кхузахь, стенна югIуш ю юьрта юккъехь кхоалгIаниг а? Тхо хих доьзна ду, хи эца кхи бисина меттиг а ма бац тхуна. ГЭС йийцаре ечул а, схьа а дуьйлий, хьовса, тхо муха хи муьйлуш Iаш ду".

Протестхоша ягийна полисхойн техника
Протестхоша ягийна полисхойн техника

Де хьалха хиллачух иштта дуьйцу Алханашвили Дареджана: "Стенна оьшура оццул бронетехника тIеозо? Шуна гуш ду-кх, мел кIезиг ду тхо. Цхьана кана тардаллал бен ма дац тхо. Техника чуяло уьш буьйлабелча, оха некъ дIакъевлира царна. ТIаккха герз детта буьйлира уьш. Цара динчо питана тесира тхан берашна юкъа, тIаккха конфликте делира хIара гIуллакх".

Оцу юкъанна, Панкисехь бехачу къанойн кхеташонан векал Хангошвили Хасо тешна ву, машарца гIуллакх цхьалхадакка йиш яра аьлла:

"Суна Iаламат халонга даьллера хIара гIуллакх, хIунда аьлча, шина а агIоно лелийнарг товш хIума дацара. Охьахевшина, вовшашца къамел а дина, берте кхача ма безара уьш. Ткъа хилларг хIун ду- вовшашна дуьхьалхIоттар. Суна хетарехь, йоккха ледарло яьлла спецназ юкъаялийна. Сан санна, Панкисин бахархойн а цхьа негативе дог-ойла ю спецназехьа".

Гулбеллачарна дуьхьал веана чоьхьарчу гIуллакхийн министр Гахария Георгий
Гулбеллачарна дуьхьал веана чоьхьарчу гIуллакхийн министр Гахария Георгий

Меттигерчу бахархошлахь 90 процент адам дуьхьал ду кхоалгIа ГЭС станци хIоттаяйта боху Хангошвили Хасос. Цунна хетарехь, хIиннцал оцу инициативана реза хилларш а, хIара инцидент хиллачул тIаьхьа кхаьргахьа бевлла.

Оцу юкъанна, Панкисехь юкъараллан радио кхолллинчу Мтивлишвили Гелас дуьйцу, тоькан станци йиллийта тIетайначех. Цо бахарехь, доккхачу декъанна бу царлахь кхеташонан векалш а, хьехархой а,

"Iедалан бахархошца цара лело тIекере нийса яц. Ас дуьйцург хIун ду, педагогашца бен цара диалог дIацаяхьар. Оцу хьехархойх цхьаберш Брюсселехь хуьлучу цхьанакхетаршка буьгура – цу кепарчу административан ресурсех пайдаэцна Iедало, уьш шайна тIеберзорхьама. Масала, зIе хилла яц церан кегийрхошца. Кху кепара лелош йолу политика юй – шайн бахархойн аз хаза Iедалхошна лууш цахилар, и ду-кх коьрта бахьана, кху деношкахь хиллачу зуламан", - аьлла радион куьйгалхочо.

Боьдучу тIамехь санна сурт дара хIоьттинарг
Боьдучу тIамехь санна сурт дара хIоьттинарг

Шен белхан накъосташца цхьана дийно сарралц лаьттира Мтивлишвили Гела хиламийн эпицентрехь. Цунна хетарехь, ша бакъболчу тIамах тера дара цу дийнахь хилла тасадаларш.

"Полисхойн 15 гергга спецмашен яра спецназан эскархойх йоьттина. Акцин декъашхошка некъ маьрша а баккхий, колонна чекхъялийтар тIедиллинера цара. ГЭС дIахIотто гIертачу территори тIе ницкъахой чубало дагахь бара уьш. Полисхой а, протестхой а вовшашна тIеттIакхача йисинарг 30 метар ца кхоччуш бен ма яцара. Полицина дуьхьало йинера, хIунда аьлча, Телавехь дIахьочу дийцарийн жамIашка лодоьгIуш бара нах. Оцу жоьпана реза ца хилира полисхой, гулбеллачарна ницкъ а беш, кордонех чекхбовла гIоьртира уьш.

Олийла дац и цхьа атта вовшахтасадалар дара. Акцин декъашхойн карахь гIожмаш, тIулгаш дара, ткъа ницкъахошкахь резинан хIоьънаш а, бIаьргаш Iовжон газ а яра. Цхьана сахьтехь сан бIаьргашна гинарг тIом бар-кх. ТIом. Шен къомана дуьхьал болийна тIом, - дуьйцу Мтивлишвилис.

Iедалхошка оьгIазло а, цатешам а IаьIна Панкисерчу бахархойн аьлла хета цунна. Тоькан станци хIотторца доьзна хилла а ца Iа иза. Хьахор вай спецоперацехь вийначу Мачаликашвили Темирланан хьокъехь гIуллакх а.

Мтивлишвили Гелас бахарехь, бахархоша хьалхадаьхначу хеттаршна хIинца а жоьпаш ца делла, ткъа Iедалхоша шаьш леринарг духа а ца узу, даим санна цхьатерра методашца къийсам латтабо цара: спецоперацешца а, полицица а, къайлахчу сервисашца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG