ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчоьнан Iедалшца дагадовларш дIадахьа лууш бу пIаьнгазхой


Гуьржийчоь -- ПIаьнгазан чIожера гулам, 24Охан019
Гуьржийчоь -- ПIаьнгазан чIожера гулам, 24Охан019

ПIаьнгазан Халкъан гуламо кхайкхам бина Гуьржийчоьнан Iедалан а, парламентан декъашхошка, цу чIожехь кхолладелла хьал дIанисдан цхьаьана некъаш лахийтахьара аьлла, яздо Маршо Радион "Эхо Кавказа" портало, "Новости-Грузия" агенталлана тIе а тевжаш.

"Тхо кхета Оханан-беттан 21-чу дийнахь хиллачо мелла а кхерам таса мегаш хиларх вайн мехкан кхерамазаллица доьзначу хаттарехь, тхайн лаккхара махкахойн жоьпалла хилар хаалуш, оха тхо кийча хилар хоуьйту, тхайн болчу аьттонех пайда а оьцуш, дерриг а дан, ПIаьнгазан чIожехь хилларг а, цул тIаьхьа гIоьртина хьал хIоттар а саннарг кхин ца хилийта", - аьлла ду ПIаьнгазан Халкъан гуламо динчу дIахьедарехь.

Цуьнца цхьаьна гуламан декъашхоша билгалдоккху, шайна мехала хеташ хилар "Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Гахария Георгийс хIоьттина хьал кхин а чолхе ца далийта сихха сацам бар".

Хьалхо хаам бина ма хиллара, полицин белхахошца тасадаларш хиллачул тIаьхьа Гахария ша веара ПIаьнгаза. Цигахь цо дагадовларш дIадаьхьира митинге арабевллачаьрца. Гахарияс дIахьедар дира, ток йоккху станци юьллур яц, нагахь цунна реза 90 процент бахархой ца хилахь аьлла.

"Оха мах хадабарехь, иза хьекъале гIулч яра, пачхьалкхан хьашташна тIетевжина яьккхина йолу, ткъа цуьнга хьежа данне а мегар дац, иза чIожехь низамаш лелар къаддаре санна. Тхо иштта тешна ду, Iедалша кхин дIа а чIожехь хьекъале политика лелор хиларх, цигара процессаш кхин а чолхечу йовлар ца хуьлуйту" - аьлла ду дIахьедарехь.

ПIаьнгазан Халкъан гуламо кхайкхам бина Iедалан а, парламентан а декъашхошка, шайна юкъахь чоьхьарчу гIуллакхийн министр Гахария а, ткъа иштта махкахойн цхьатерра бакъонаш хиларан а, маслаIатан а хаттаршкахула пачхьалкхан министр Кетеван Цихелашвили а йолуш, дIа а ца тоьттуш, меттигерчу бахархошца цхьаьнакхетахьара аьлла, халонаш эшош цхьаьна болх бар Iалашонца.

ПIаьнгазан Халкъан гуламо юкъараллан векалшка а, дипломатин корпусан декъашхошка а, Iедалех йозуш йоцчу вовшахтохараллашка а дехар дина жигара дакъалацахьара аьлла, хIоьттинчу кризисах хьалхадовлуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG