ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъ дуй те Кадыров даржах воккху бохург?


​Кремло дагалаьцнарг Telegram-каналашкахула тергалдало, ткъа иза тида аьтто ло Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша йохучу гIулчашца

"Йа Веза-Воккханиг, собар а, ницкъ а ло ахь суна! Кийрахь дог доцу, къиза эскар санна, мел дукха дуьненан хIуманаш хьалхатуьйсу суна сема лелачу Иблисо! Мел йоккха гамо, хьагI, мостагIалла лаьтта суна дуьхьал", - яздира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен "Вконтакте" агIон тIе кху беттан 15-чохь.

Наха тидам тIеберзийра йозанна, иза доггах аьлла хиларе терра. Амма тIаьхьо гучуделира, "Иблис" а, "хьагI-гамо а, мостагIалла а " Кремло бан тарлучу хийцамаша дагатасийтинийла авторна – прессо чIагIдарехь, кеста цуьнгара дарж дIадала мега цуьнан "безачу ВЕЖАРЕХ" цхьаьнга.

Къилбаседа Кавказан федералан Гонан Telegram-каналерчу "СКФО Telegraph-о" бахарехь, "Кадыров хуьйцуш, цуьнгара дарж схьаэца мегачу кандидатех" ву Эдельгериев Абубакар, Хучиев Муслим, Даудов Мохьмад, Делимханов Шарип, Алханов Руслан.

Мила хила тарло рогIера "паччахь"?

Кавказан къаьмнийн ассоциацин куьйгалхочо, политика бахьанехь набахтехь хан текхначу нохчочо Кутаев Руслана, дарже хаа мега аьлла хеташ, Кадыров Рамзанан гонера ши стаг билгалвоккху: парламентан спикер Даудов Мохьмад а, Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а.

"Дарже хаийча, лела хуур ду ала вац я Хучиев а, я Эдельгериев а, цундела, суна хетарехь, оьшуш дац и ши стаг хьехон а. Кадыровн гонехь ши стаг бен вац кандидат хила тарлуш: Даудов Мохьмад а, Делимханов Адам а. Оцу шингахь бу тоъал ницкъ. Масала, батальонийн, полкийн буьйранчаш бу Делимхановн гергарнаш. Доккха маьIна ду оцу ницкъан Кавказерчу дахарехь", - элира Кутаевс "Кавказ.Реалиица" ша динчу къамелехь.

Политологна хетарехь, хIоттош хилча а, цхьана йоццачу ханна бен хIоттор вац Кадыровгарчу дарже цуьнан гонера стаг.

"ТIаьхьо гучувер ву царех воцу кхин стаг, федералан тIегIанашкара хир ву иза. Хир вац цIаьххьана карийнарг, вехха кхиийна Iедалхо-говзанча хир ву. Оьрсийчохь лачдолуш ду хьал, атта дац Кремлерчу куьйгалхошна – цундела тешаме стаг оьшу царна", - аьлла хета Кутаев Русланна.

Барт хаьттина Даудовга а, Хучиевга а?

Кху беттан 24-чохь "Незыгарь" Telegram-канало, Даудов ву Кадыровн метте хаош, аьлла хаам баржийра. Ткъа Кадыров хIоттош ву, бохура, Къилбаседа Кавказан Гонан куьйгалхочун метте. Баьржина хаам хиндерг долуш санна тIеийцира дукхахболучара: бахьана ду цунах теша, "Незыгарь" президентан администрацица уьйрехь ю, цо хир ду аьлларг дукха хьолехь кхочуш а хуьлу, боху тергамчаша.

Баьржинчу хаамо вуно чIогIа цецваьккхина шаьшшиъ боху кеп хIоттийра оцу хааман мах хадош Кадыровс а, Даудовс а. Дерриг а бегашка дерзийра мехкан куьйгалхочо: "Суна юха а, соьга хаьттина а доцуш, зуда ялийна [смайлаш,самукъане хьаьркаш]. Ткъа Даудовс шена беламе дац даржийна хабар, "сингаттаме ду", аьлла яздира. "И эладита кхоьллинчу хIуманашка ала лаьа - дIасовцийша хIинца мукъане а", - аьлла дара Даудовн жоп.

Билгалдаккха догIу, Нохчийчоьнан куьйгалхочун даржера дIавоккху аьлла даьржина хабар аьшпаш бу ца боху ша Кадыровс. Цо харцдийриг деккъа цхьаъ бен дац – шега кхин а доккха дарж луш хилар. Бакъду, ша буьйсан юккъехь динчу дIахьедарехь Даудовс а ца боху, ца оьшу шена шега лур ду бохуш дуьйцу "паччахьан" дарж.

Ткъа Telegram-каналерчу СКФО Telegraph-о бахарехь, нагахь санна Кремло шайга куьйгалхочун дарж кховдош нислахь а, Даудов а, премьер-министр Хучиев Муслим а цунах юхабевр болу некъ оьшу Кадыровна.

СКФО Telegraph-о дечу тоьшаллица, "Даудов а, Хучиев а барт хатта кхайкхина Кадыровс, дехна цаьрга, шаьш Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарже ховшур дац аьлла Къур'ан тIехь дуй баа. Кадыровгарчу хьолах олийла ду, "бала боьссина цуьнан кийра". ЧГТРК-н (Нохчийчоьнан пачхьалкхан телерадиокомпанин) куьйгалхочо Дудаевс сихха гулйина шен коллектив, омра дина, "массо а йоккха топ дуьхьалъяккха оцу хаамашна", аьлла. Белхахошка цо аьлла, Даудовн коьрта Iалашо ю хIинца "Кадыровн тидамера вала а, Охан-беттан 24-чу дийнахь Петарбухарчу Таврин гIоперчу (Таврический дворец) низамкхоллархойн кхеташонехь Путина шеца къамелдинийла а къайладахьа".

Хир вуй Кадыров Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр?

Кадыровс шен шина накъосте бартхаьттина бохург бакъ ца хета вевзаш волчу журналистна, политикан жигархочунна Шевченко Максимна. Кадыровна шегахь долчул даржал доккха дарж ца оьшу бохург харц хабар хета цунна. Амма иза реза ву Нохчийчоьнан куьйгалхочух Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр хилийта.

"Кадыров товр вара чоьхьарчу гIуллакхийн министран даржехь. И эксперимент масара а йийр яра къобал, низам лакхадер дара, аьлла хета суна. Нохчийн полици уггаре дикачех ю пачхьалкхехь. Адамийн бакъонаш талхорца йоьзна эксцессаш йитичхьана, кIеззиг низам а чIагIдичхьана, шех дика ойла кхоллайолуьйтуш ю цигара полици", - билгалдаьккхира Шевченкос.

Кадыровх Оьрсийчоьнан коьрта ницкъхо ван тарло аьлла хета Кутаев Русланна а.

"Хан хьалха Кадыровх полицин инарла вира, цуьнан кхоллам ницкъаллин урхаллашца боза бохкуш санна. Суна хетарехь, догIу цунна Россгвардехь куьйгалла лелор. Кадыровца санна тIекаре вац [Росгвардин директор] Золотов цхьана а регионан куьйгалхочуьнца. Нагахь санна кхечу дарже иза хIоттош хилахь, цига хIотто мега", - боху Кутаевс.

"Путин – Медведев" – харжамийн низамах чекхволу некъ?

"Незыгарал" а хьалха яздира Кадыровн метте Даудов хIотто мега аьлла Telegram-каналерчу kavkaz_leakbez-о. Оцу хьасто, шена хетарехь, Iедал "Кадыровн кандидатура кхоазлагIа а (хиламашца доьзча – доьазлагIа) харжамашка йилла гIерта. Оцу телеграм-канална хетарехь, 2020-2021-чу шерашкахь хила мега ишта.

Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а и глава Чечни Рамзан Кадыров
Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а и глава Чечни Рамзан Кадыров

"Министрийн кабинет латтор ю Кадыровгахь 5 шарахь. Оцу хена чохь цунах вийр ву динан, юкъараллин, политикан лидер", яздира kavkaz_leakbez-о.

Ишта хир дац, шена кхин сценарий го, боху Кутаев Руслана.

" 10 шо хьалха дан тарлора иза. Тахана гIоьртина ду Оьрсийчохь хьал, адам кIадделла кхера, Iедале дистхуьлу хIинца, цундела и хьалхалера харжамех ловзарш, даржаш, кара-кара луш, ловзор чекхдер дац", Кутаевна хетарехь.

Хастийна важа кхоъ – Делимханов а, Эдельгериев а, Алханов а

Кхиболу "кандидаташ" - Эдельгериев, Делимханов, Алханов – тера дац Кадыров волчу бехкбаккха кхайкхинчух. Ца боху интернето оцу хьокъехь хIумма а. Амма бахначу беттан чаккхенехь – карарчу беттан юьххьехь уьш хестош бийца волавелира Нохчийчоьнан куьйгалхо "ВКонтактехь".

Дуьххьара Кадыровс хастийнарг вара Делимханов Шарип, федералан Халкъан Гвардин Нохчийчуьрчу дакъойн куьйгалхо, Пачхьалкхан Думин депутатан жимахволу ваша. "Оьрсийчоьнан бакъволу патриот", "хьекъале буьйранча" элира цунах Кадыровс Охан-беттан 23-чохь. Шарип вина де дара иза, цундела цхьа цец ца ваьккхира йозано.

Ткъа рогIехь, "цхьа а бахьана а доцуш" хастийнарг вара 44 шо долу Эдельгериев а, 57 шо долу Алханов а. И шиъ вазвеш хьалхара йоза Кадыровс хIоттийна, "мел йоккха гамо, хьагI, мостагIалла лаьтта суна дуьхьал", аьлла, яздина ша валарца, оццу Стигалкъекъа-беттан 15-чохь.

"Оха, Нохчийн Республикан хьалхарчу президентан, Оьрсийчоьнан турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин тобано, дозалла до лаккхара корматалла йолу тIаьхье тхаьш кхиорна… Масал далош ас цIейоккхур ю хьомсарчу ВЕШИН, Оьрсийчоьнан Федерацин президентан хьехамчин Эдельгериев Абубакаран", яздо Кадыровс. Цул тIаьхьа боху, "мел боккха болх дIакхоьхьу" Эдельгериевс, тоьшалла до Путинан муьлхха а омра кхочушдийр долуш стаг Абубакар хиларх.

Кху беттан 22-чохь рагI кхечира Алхановна тIе. Цунах турпал элира Кадыровс, билгалдаьккхира "къамел доца долуш, амма доьналла дукха долуш стаг" Алханов хилар а, "уггаре халачу хенахь" цо шен да "мостагIех ларвина" хилар а.

"Кадыров Евкуровца эгIорхьама"

Шевченко Максимна хетарехь, Кадыров Нохчийчоьнан урхаллера дIаволийла луург хила веза цунний, гIалгIайн лидерна Евкуров Юнус-Бекний юкъара "вайнехан барт" бохо араваьлла стаг.

ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а куьйгалхой - Евкуров Юнус-Бек а, Кадыров Рамзан а
ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а куьйгалхой - Евкуров Юнус-Бек а, Кадыров Рамзан а

Шаьшшиъ эгIо "Кремло кечйина сценари юьстах а йитина", цара куьйгаш делира вовшашка, барт бира Нохчийчоьнний, ГIалгIайчоьнний юкъара гергарлонаш чIагIдан, боху Шевченкос.

"Цушимма вовошашка кIон дош массаза олу а ирсе хуьлура Москох. Церан барт хиллачул тIаьхьа кхузза-доьазза совбелира цаьргара ницкъ. Яхначу гурахь юьйлаелира гIалгIайн протесташ. Гуламаш буьйлабала кIира дуьсуш, Рамзана а, Юнус-Бека а элира, дIаяха Кавказера блок-посташ. Блок-посташкахь миллиардашкахь ахчанаш доху мискачу нахера а, ХIирийчуьрчу къаьркъа дечу фирманашкара а. Цундела блок-посташ емалъяр ца тов Росгвардина, полицина", аьлла хета Шевченкона.

Массо а эксперташ кхета Кадыров хийцарх йолу тема тоххара гIаттийна хила езаш ярий.

Кутаевс билгал ма-даккхара, "бер бац кIур, цхьаьнхьа яьлла цIе яцахь". "Незыгаро" баржийна хаам мел бакъ бацахь а, кхеташ ду, ю Оьрсийчоьнан Iедалехь Кадыров даржера дIаваккхаре сатуьйсу тоба.

Комментареш

New Comments Available

Москвара даймахка балийначу кегийрхошкара бехкаш даьхна нохчийн Iедалхоша юха а. Шуна нийса хетий, оцу кепехь Iедалхоша нехан юьхь яхар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG