ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Боинг» чудожийначийн цIерш яьхна дуьненаюкъарчу талламо. Стрелков Игорь а ву царалахь


2014-чу шарахь Малайзин «Боинг» дохорна официалехь бехк т1ебаьхьина Оьрсийчуьрчу кхаа, Украинерчу цхьана вахархочунна. Кхаарийдийнахь пресс-конференцехь цIерш а яьхна церан.

Айдинчу девнан фигуранташ бу ша-шех «Донецкан халкъан республика» олучу регионан ницкъийн баьчча лаьттина Стрелков Игорь а (бакъйолу фамили - Гиркин), цуьнан гIовс Iийна Дубинский Сергей а (Хмурый), Дубинскин гIоьнча Пулатов Олег а (Гюрза), шех гоно Донецкан махкарчу Константиновка юртан комендант олуш хилла украинахо Харченко Леонид а (Крот).

Талламо чIагIдарехь, царна тIехь ду сепаратисташа доладечу махка зенитан-ракетийн «Бук» комплекс кхачор. Уьш бехкебина нах байарна. Воккхур ву вий а дуьненаюкъарчу лехаме. Лайнер дохорах йолу кхелан процесс йолаяла тарло 2020-чу шеран Зазадоккху-баттахь.

Оьрсийчоьне а, Украине а шеконе бехкинчарна эктрадици яр деха дагахь бац талламчаш – оцу шина а пачхьалкхан низамаша арахьарчу кхелан карабала ца кхачабо шайн бахархой. Амма бехке хила тарлуш берш лебан тIедожор ду талламо шина а пачхьалкханна.

Талламчаша лоьху бохамна бехке хила мега кхиболу нах а. «Бук» лелош хилларш Оьрсийчуьра болучух тера хета талламна.

Хьалхо Нидерландерчу хьукматаша «Боинг» дохийначу нехан гонах туьйхира массех керла декъашхо. Цхьа хан хьалха Украинехь пачхьалкханна ямартло ярна бехкевеш хиллачу Безъязыков Ивана кема чудожорах лаьцна тоьшалла динийла ду хууш, масала. Сепаратисташа лаьцна кхаьбначуьра мукъаваьлча, бехк т1ебаьхьира цунна Украино – талламо бахарехь, Дубинскин тобанехь Iийна ву иза.

Стрелков веха Москох, Дубинский – Ростовн махкахь. Стенгахь ву тахана Харченко, хууш дац, амма 2017-чу шарахь «ВКонтакте» машанехула интернетах пайдаэцархочо Комчатов Андрейс йоза дитина Стрелков Игора х1отийна цхьа пост ша ешча, цо бахарехь, Крот вийна Оьрсийчохь - «Боинг» муха дохийна т1ех дика хууш хиларна». Талламна хетарехь, Украинехь вехаш мега Харченко-Крот.

2017-чу шарахь яздина машанашкахь Пулатовс: «Со вайн территори т1ехь ву" [контексто бахарехь, Оьрсийчоь ю юьйцург — Маршо Радио].

Дуьненаюкъарчу талламо тIебаьхьинчу бехках лаьцна вистхилла Стрелков Игорь «Интерфаксе». Донецкерчу сепаратистийн эскаро чу ца дожийна Малазера "Боинг", аьлла цо. Иза реза ца хилла талламчийн хеттаршна жоьпаш дала.

  • MH17 рейсехула лела "Малайзин авиа-асанийн" кема чудожийра Украинерчу Донецкан махка т1ехула долуш 2014-чу шеран аьхка. Кхелхира чохь хилла 298 стаг. Оьрсийчуьра сепаратистийн махка ялийначу зенитан-ракетийн «Бук» комплексо чудаийтина кема, аьлла бу Дуьненаюкъарчу талламан тобано бина сацам.
  • Москвано тIетаIIийна чIагIдо кема дохарна ша бехке яцар. Оьрсийчохь герз дечу "Алмаз-Антей" концерно д1ахьедира, шен эксперташа бинчу талламаша гайтина кема Украинан эскарша даладечу лаьтта тIера ракета хецна дохийнийла, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG