Джалилов Камал
Къилбаседа Кавказерчу бахархойн массех пабликехь хаам баьржина, гуьржаша шайн махка ца буьту Дагестанера, Нохчийчуьра, ГIалгIайчуьра нах, аьлла. Иза доьзна ду боху Тбилисехь лаьттачу протесташца, Оьрсийчоьнца юкъаметтиг йохарца.
ХIинжа-ГIалара Курбанов Мурад а, цуьнан зуда а массех де хьалха Гуьржийчу ца дитина "Лакхарчу Ларсехь" лаьттачу дозанхоша. Ца довзийтина бахьана а.
"Со дукха хилла Гуьржийчохь, цигарчу массо а меттигашкахь. Батумехь хьеший а бу тхан. Ткъа дозанхоша тхоьга аьлларг доцца ду: шу чу ца дуьту. Тхойша, со а, сан зуда а, юхьанца деладелира, бегаш бо моьттуш. ХIинца тхан паспорта тIехь мухIар ду тоьхна, пхеа шарахь чудуьтур дац тхо. Иза стенна дина цара, кхеташ дац", – боху Курбановс.
Оццу хьоле нисвелла Нохчийчуьра вахархо Магомадов Ахьмад а: иза кху хенналц, болх а беш, ваьхна Тбилисехь, шина-кхаа денна цIа, Устрада-ГIала, хьажахIотта вахана, амма махка юха чу ца витина гуьржийн дозанхоша.
"Оьрсийчуьрчу бахархойн бакъо ю шарахь виза а йоцуш Гуьржийчохь Iан, ткъа тоьу цкъа чуьра ара а ваьлла, юха чувеъча – карлайолу хьан махкахь ваха йолу бакъо. Цундела суна атта дара Тбилисехь – маьрша ду Iер-вахар, кхин ду адам а. Фрилансер вара со цхьана дизайн-бюрохь, Сабурталохь петар лаьцна вехара. Дерриг а хеди цхьана дийнахь", - дуьйцу Магомадовс.
Ши куьг охадахийта дагахь вац нохчо – юристашка делла цо гIуллакх. Бакъду, массех шо долу иштаниг луьстуш, боху Магомадовн адвокато.
БуьрийтIера дIабоьдучу бIон некъахула Гуьржийчу кхача мелла а атта ду, герга хиларца доьзна а дац иза.
"Лакхарчу Ларсехь дозанхой, уггаре дукха, минотехь хьовса хьох. Амма кхин сурт хIутту кеманца хьо пачхьалкхе веанехь. Хьуо къаставой, дIавуьгу цхьана коре, Гуьржийчохь хьуна бевзачийн телефонаш хоьтту. Оцо пайдабоцчу воккху хьо, Оьрсийчуьра кхаьчначу массо а нахаца лелош а дац и "гIиллакх"– беккъа цхьана дагестанхошца, нохчашца, гIалгIашца леладо", - устрадахочо бахарехь.
"Дезинформаци ю мел дуьйцург! Дезинформаци!" – элира Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векало шега хаттар динчу "Кавказ.Реалиин" корреспонденте. "Гуьржийчу бохкуьйту нах, яц дозанехь цхьа а проблема. Оьрсийчуьра муьлхха а турист ву чувуьтуш. Бен-башха дац хьо Оьрсийчоьнан муьлхачу регионера ву. Хила тарло наггахь шатайпа хаттар, муьлххачу а мехкан вахархочуьнга дан тарло хаттар", - жоп делира полицерчу хьаькамо.
Гуьржийн Iедалхочо бохург тIечIагIдира Тбилисе туристаш лелабечу дагестанхочо Нугаров Iабдулбасира.
"Сийсара веана со цигара, яц проблемаш. Суна а хезна чу ца буьту бохуш, иза бакъ дац. Эладитанаш даржочу наха ца яздеш вониг ца дитина сан инстаграмехь. Гуьржийчохь лаьтта хьал – иза цуьнан чоьхьара гIуллакх ду, вайх кIезиг хьакхало. Тхо, масала, ларамза нисделира Тбилисехь акци йоьдучу метте, я оцу сахьтехь а, я тIаьхьа а тхоьга бохуш хIума дацара", - хаамбо Нугаровс.
Кху беттан 20-чохь буьйлабелира Тбилисехь бахархойн протестан гуламаш. Гуьржийн оппозицина а, бахархошна юкъарчу жигархошна а ца тайра шина пачхьалкхан керстанийн ассамблея дIакхехьа веъначу Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутато Гавриловс барам Гуьржийчоьнан парламентан спикеран гIента а хиина дIаболор. ОгIазбаханчу гуьржийн опппозицин депутаташа шайна юкъара эккхийра Гаврилов, сихха вада дийзира цуьнан Гуьржийчуьра.
Хиллларг хилла даьлча, Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира шен омрица бихкира Гуьржийчу лелачу кеманашна некъ. Туроператорш а, авиакомпанеш а декхарейина Гуьржийчу баха леринчу нахера шаьш схьаэцна ахча юхадала.
Гуьржийчоь кхераме ю Оьрсийчуьрчу туристашна, даржадо Москох хьаькамаша. Кхачан мах хадочу урхаллина (Роспотребнадзор) цIеххьана гучудаьлла гуьржийн чагIарш телхина хилар.
Юкъаметтигаш кхин а ирча гайта еза аьлла хеттачу "Россия" телеканало дIахьедина, Гуьржийчоьнан Iедало оьрсий байа боху махкахошка, аьлла.
"Туристаш мьарша хила беза тхо долчу кхача, хIунда аьлча, царна хазахета Гуьржийчохь. Ткъа политикаша а, куьйгалхоша а листа еза проблемаш", - аьлла, Оьрсийчоьно шен махкаца йолу авиазIе хадийча, гуьржийн президента Зурабишвили Саломес.