ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европера нохчий. Iадат я низам?


Нохчийчуьра Европе дIавахана хIора мухIажир хуьлу хенан йохалла къастам бан безаш: хIун харжа ас, дайх дисина Iадат я со вехачу махкара низам? ХIораммо ца тотту низам хьалха оцу шина "нийсонах" цхьалхо йоккхуш...

Европерчу мехкийн низамхошкара кест-кеста хеза, полице телефон тухучу меттана, нохчаша шаьш луьсту къовсам, кхел йо, олий. Оцу бахьаненна делахь а, стенна а делахь а, цхьа нохчо бен декъахь а воцуш иккхина бохам а бузу "нохчийн мафица", "нохчийн зуламхойн машанашца". Масала, Германехь.

Муьлхха а дар-дацар иккхича, нохчий, гул а лой, шаьш- шайлахь юкъаметтиг къасто арабовлар инзаре хета Европехь.

Хала ду европахошна нохчех кхета – ца хаьа, диканехь а, вонехь а гIодар оцу къоман коьрта ламаст дуйла. Цецбуьйлу, дов листа гуллучу нахалахь юрист я бизнесхо, спортхо я Iилманча хаавелча. Нохчаша шаьш ишта лелар дикане дуьллу, ткъа меттигерчу Iедалхоша, шайх ца теша тIебаьхкина нах, олу.

Цхьана кхетамца беха нах бац Европера нохчий. Бекъало Ичкерин ойланца бехачийн, Кадыровгахьа болучийн, Европерчу дахаре берза гIертачийн дакъошка. Бакъду, цхьана а тобанах дIа ца кхеттарш а бу дукха.

Къестамаш шена, нохчийн диаспорина, балебовлий ца буьсу. ГIайгIане бу, масала, Берлинерчу нохчийн центран куьйгалхой, халахета царна, пачхьалкхехь муьлххачу а нохчочуьнгара даьлла вон цуьнан къоман амална тIеяздеш хилар.

Масалш. Дукха хан йоццуш йиттина нохчийн мухIажирна Эскарханов Мовсарна. Немцойн Люденшайд гIалахь "кадыровхой" тIелетта Нохчийчуьрчу Iедална лерна Мализаев Минкаилна, цара етташ, даймахкарчу Iедале къинтIера далар дехийтина цуьнга. Мализаевх леттарг "Грозный" телеканалан корреспондент Дадаев Беслан вуйла къастийна Германерчу нохчийн кегийрхошна сихонца, бекхамбина цунна – йиттина.

Европехь Кадыров хестош вехачунна тIехь боккха кхерам кхозу. Даймахкахь гергарнаш, беза-бевзарш хIаллакбича, цIера дIакхелхина нах бу дукхахберш – диц ца ло цара цIахь лелларг, бекхамбан хьагна хуьлу. МухIажирша интернетехула, я багахь вовшашка дIасакхачош, яьржа, цIахь "къам хIалладеш хьийзинчу", оьрсийн эскаршца цхьаьна Ичкерица тIемаш бинчу, тIаьхьо Европехь баха баьхкинчу "кадыровхойх" йолу информаци, толлу, карайо уьш беха меттигаш.

Бекхамхошна Бельгехь схьакарийна шен йоцчу цIарца тховкIело ехна волу А.Тимур деношкахь.

Кадыровн герз карахь леллачух йолу информаци а, цунна етташ яьккхина видео а цхьаьнайоьзна лела кху муьрехь интернетехула – Берлинера Д. Хайрудди ву бекхамхоша "жоьпе озийнарг".

ХIинццалц некъаш цхьаьна ца кхеташ яьхна Европера нохчийн диаспораш, кхузарчу нохчийн дукхалле хьажча, масалш дукха дацахь а, хаало цхьаалле гIертарш а . Делахь а хала ду ала, маца нохчийн доккхахдолу дакъа шен лаамехь хIуьттур Европерчу низамна кIел.

Хьажа комменташка (1)

Нохчашна хан тохар нийсонца хуьлу аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG