ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь полисхошна тIелеттарг шайн стаг вара аьлла даIишхоша


Цхьа ницкъахо а вуьйш, Нохчийчохь полисхойн постна дина тIелатар шайна тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано. ДаIишхоша интернетехь латточу жигараллана тIехь терго ечу SITE Intelligence Group портало бина цунах хаам.

Маршо Радионо яздира, ТIехьа-Мартанарчу лоьмар 4 йолчу пунктна тIелатар дарх вевзаш воцчо. Полисхочунна уьрсан чов а йина, граната кхоьсина хиллера тIелеттачо. Цул тIаьхьа ницкъахоша герз тоьхна, вийнера зуламхо. Дарбан цIийне вуьгучу заманчохь велла чов хилла 32 шо долу полисхо. Йолчу информацица, Новокузнецкера Къилбаседа Кавказе белхан декхар кхочушдан хьажийна Дворников Александр хилла иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG