ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лакхара Ларс – маьрша, сулугуни – еза, Оьрсийчоь – "оккупант"


Гуьржийчуьрчу протесташа ца хийцина Къилбаседа ХIирийчуьра дахар. Оьрсийчоьнан бахархойн доккхахчу декъо туризм галъяларна, лелачуьра кеманаш совцарна сагатдахь а, Тбилисе а, БуьритIе а нах хьалха санна лела. АгIонаша бизнес-зIенаш даима а ларйина, хеда йиш яц уьш цкъа а.

Гуьржийн стоьмашка, хасстоьмашка сатесна хуьлу хIирий даима а. Цара шайн махкахь бехачу гуьржашкара оьцу дукха хьолехь чурчхела, ткемали, сацибели я чIагIар. Делахь а, алссам оьшу хIирашна уьш а, кхиболу гуьржийн кхача а. Совдегарш цундела цахеддаш лела БуьритIера Гуьржийчу.

Амма олийла дац шина пачхьалкхан юкъаметтигаш шагъялар данне а дац хаалуш – Гуьржийчуьра ХIирийчу нехча, хьожайогIу бецаш, чагIар кхоьхьучу БуьритIерачу фирманаша базбина шайн мехаш.

Гуьржий хьалха санна тIекаре бу шайца, мелхо а шайлахь хаало гуьржашца лелла гергарло шелдала дулуш, олу хIираша.

"Кху муьрехь хIирийн таксисташа бестийна кир дIасалелош боккху мах, дисинарг дерриг а дика ду. Тхоьга оьгIазе кехаташ кхехьийта буьйлабелла нах, амма оха тергал ца до уьш. Тхо Буьритера ду, амма бахархошна тхо гуьржий ду моьтту, цундела яппарш етта тхуна. Ткъа гуьржий вуно дика бу тхоьца, оха цаьрца буьйцург оьрсийн мотт бара аьлла, цкъа а ца нисделла дар-дацар", - элира юьйцучу фирманийн цхьана векало.

Юкъаметтигийн кхин агIо яйна Гуьржийчу экскурсеш лелорца напха доккхучу хIиричунна Туаева Маринина. Цо бахарехь, хIинцца иккхина проблема яц цо ялхориг.

"Цкъа тхо самадовлу, го тхуна "оккупанташ" аьлла, тхайн машена тIе латийна кехаташ. Изза кехаташ дара Оьрсийчуьра баьхкинчу кхечу нехан машенашна летийна. Оха тхаьш резадоцийла хаийтича, боху тхоьга, шу окупанташ ду бохург бакъ ма дац", - дуьйцу Маринас.

Амма Гуьржийчу экскурсеш лелор сацон дагахь яц хIири. "Тхо лелла, лела, лелар а ду Гуьржийчу, бакъду, лахбелла цига баха луучийн могIарш. Еза тхуна Гуьржийчоь а, гуьржий а. Цига муха ца лела! Ца лелийла ма дац! Цигахь тайна ма ду, хаза ма ду, кхача мерза ма бу! Юкъаметтигаш толур ю аьлла хета тхуна. Елххал халахетта суна хилларг", - элира Туаевас.

ХIинца Эрмалойчу а экскурсеш лело дагахь ю Марина. Цига боьлху некъаш а бовлу Гуьржийчухула. Туристийн лаам хилахь, царна денна Тбилисехь совца аьтто а бийр бу цо.

Къилбаседа ХIирийчуьра гуьржийн махка садаIа боьлхучу нехан рагI ган а гуш лахъелла: хьалха аьхкенан беттанашкахь Лакхарчу Ларсехь, Гуьржийчу кхача рагI лаьцна, дозанехь лаьттачу нехан кочар кхо километре хуьлура, ткъа хIинца вуно сиха тIекхочу чуваха рагI.

Дозанхошна хетарехь, естар ю рагI кестта – Оьрсийчоьно шен кеманашна Гуьржийчу лела дихкина хан тIекхаьчча, кху беттан 8-чохь дуьйна.

"Цкъачунна пассажирийн барам, Гуьржийчохь политикан боламаш лаьтта аьлла доцуш, цхьабосса бу. Стохка леллачул лела нах Гуьржийчу, я дукха а, кIезиг а боцуш. АвиазIе хаьдча хIун хир ду ала хаац суна, тхо кийча ду хIоьттина хьал, муьлхханиг а, тIеэца", - элира Къилбаседа ХIирийчуьрчу дозанан урхаллерчу векало Бочин Андрейс.

Амма туристаш шек бац шаьш юьхьарлоьцучу некъах.

"Интернетехь яздийриг, телевизионаша гойтург данне а дац кхузахь. Тхо хIора шарахь догIу Гуьржийчу, цкъа а ца хилла хьовзам. Политикаша шаьш къестор ю шайн юкъаметтигаш, тхо туристаш ду, Гуьржийчоьнца тхан мостагIалла дац, я Оьрсийчоь оккупант ю аьлла а ца хета. Деккъа дIа шайн цхьа цакхетамаш бу пачхьалкхашна юкъахь", - жоп делира "Кавказ.Реалиино" гуьржийнний, оьрсийнний юкъаметтигех лаьцна шайга динчу хаттарна Воронеж махкара баьхкинчу туристаша Андрейс а, Ленас а.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цхьацца бахьанашца кест-кеста олу ша резавоцчу нахах я шен оппонентех "шайтIанаш", "гезарий", "боьха хIуманаш". Шуна муха хета, товш дуй регионан куьйгалхочо нахана ишта "цIерш" техкар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG