ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Репрессеш чIагIлуш хилар гойту Саутиева а, Майсигов а лацаро


Саламова Елена

ГIалгIайчохь кхуьуш, марсабовлуш бу Iедална резабоцучарна бен Iаткъамаш

Деношкахь Нальчикерчу кхело сацамбина Саутиева Зарифа – гIалгIайн протесташкахь дакъалаьцна зуда – лаьцна йита.

Дуьххьара дац цунна шен политикан жигаралла бахьанехь Iаткъамбар – шеран юьххьехь даржера йохийра иза, мукъаяьккхира репрессеша хIаллакбиначарна хIоттийначу Дагалецамийн комплексан директоран гIовс йолучуьра. Амма къар ца елира – меттахIоттийра даржехь.

Бутт хьалха юха а дIаяьккхира балхара Зарифа, ткъа деношкахь, лаьцна, дIайигина Нальчикерчу изоляторе. Протесташ бахьанехь лецначаралахь Саутиева дуьххьара зуда ю. Иза йоцуш, 30 гергга борша стаг ву массех меттехь чохь валлош.

Саутиева лаццале хьалха лаьцна йозушйоцчу "Фортанга" сайтан журналист Майсигов Рашид. КIайн хIур карийна боху цуьнгахь – бехкево наркотикаш лелорна.

Саутиева Зарифигахь ца карийна наркотик, иза ю "охкуш" гуламийн низам талхорна а, полицина дуьхьало ярна а. Бакъду, ю юкъарло цунний, Майсиговний юкъахь – "Фортангехула" шена хетарг олура оцу зудчо.

Майсигов лацар къаьсттина новкъадаьлла бахархошна, уьш кхета, Iедал ГIалгIайчуьра журналистика а охьатаIо гIертийла.

Делахь а, протесташца доьзна зуда а лацаро гойту, мел гена йоьлху репрессийн Iалашонаш. Хьалха ницкъхоша, кхерабой, хьехамаш бой буьтура зударий, гергара божарий декхаребора уьш "кхетош-кхион". ХIинца гуш ду "зударийн сий лардар" олу институт а дакъазъяьллийла.

"Бераш дайта шайн зударшка, галнаш яйта майра балхара чувале, тIаккха шун зударшна тIе пIелг хьор бац цхьаммо а", - хьехамбо гIалгIайн ницкъхошкахьа долчу цхьана телеграм-канало. Цо гойту, мехкан Iедал зударий аьзнаш дIалакъо гIертийла.

Оьрсийчуьрчу Human Rights Watch декъан куьйгалхочо Локшина Татьянас дагадоуьйту Саутиева протестан жигархошлахь хиллийла. Цундела цецвийла дац лецарийн рагI цунна тIекхачарх, боху бакъоларъярхочо.

"Евкуровс дарж дитича совцур ду махкара политикан лецарш баьхна нах галбевлла. Шеко яц, репрессешна тIехьа лаьтташ федералан центр хилар", - чIагIдо Локшинас.

Кхеташ дац цкъачунна, муьлхачу хоршахь болор бу шен болх ГIалгIайчоьнна бутт хьалха тIевиллинчу, ханна куьйгалхо хIоттийначу Калиматовс. Цо цкъачунна хазийна дац репрессийн хьокъехь шена хетачух хIума.

ГIалгIайн адвокатна Костоев Ахьмадна хетарехь, новкъа дацара Калиматов Мохьмад-Iелас лецначу жигархойх шен дог лозийла гайтича, уьш мукъабахийтича. "Лечначуьра уьш мукъа а баьхна, дIабахьа торуш дара талламаш, оцо мелла а садоккхуьйтур дара нахе, Iедалний, халкъаний юкъа машар боссор бара", - аьлла хета Костоевна.

Калиматовга хIинцале вуно дукха дехарш хьийсийна бахархоша – юкъархоша, лецначийн гергарчара. Амма цкъачунна ца делла цо цхьа а жоп. Иза тийна а Iаш, нах лецар, соцуш доцуш, лелаш хиларо сагатдойту бахархошка. Репрессийн машен хьалалатийнарг Москвара Iедал делахь, иза сацо ницкъ кхочур бац цхьаьннан а, аьлла го сурт меттигерчу оппозицина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG