ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина ГIалгIайчоьнан ханна куьйгалхо хIоттийна Калиматов Махьмуд-Iела


Калиматов Мохьмад-Iела.
Калиматов Мохьмад-Iела.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира керла ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хIоттийна Калиматов Махьмуд-Iела. Хьалха иза хилла ву ГIалгIайчоьнан прокурор а, ткъа тIаьхьарчу хенахь иза болх беш вара Самаран кIоштан Iедалехь.

2015-чу шарахь Калиматов хIоттийнера цу кIоштан Росприроднадзоран меттигерчу урхаллан куьйгалхо.

Цул хьалха Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира къобул дира ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо шен дарж дуьтуш дина дехар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG