«Экономикан маршонан партин» лидер а, Пачхьалкхан Думехь депутат а лаьттинчу Боровой Константина политикан тховкIело ехна Лос-Анжелесехь (Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ).
Оьрсийчоь дIатаса сацамбина цо ша къайлахчу ницкъаша виллина тергонехь латтош хиларна, хаамбо « Iамеркан Озо».
Карарчу хенахь зуьйш ду цуьнан дехар. Ткъа ша Боровой дIатарвала гIерта Штаташкахь шен накъостийн гIоьнца. Оьрсийчохь къайлахчу ницкъаша тергонехь кхабарх лаьцна цо дийцина, муьлххачу а махка ша вахарх, шена тIехь тидам латтабора шерашкахь, аьлла.
Нохчийн Республикан Ичкерин президент Дудаев ЖовхIар ша вуьйчу муьрехь телефонан зIенехь хилла Боровой Констатнтинца. Цушимма шина сахьтехь къамел дечу юкъанна хецна Оьрсийчоьнан кемано Дудаевна тIе ракета.
"Хьошалла дара тхойшинна юкъахь, дуккхаза а гинера вовшашна. Сан ларам бара цуьнга. Иза террорист вара бохург – иза-м Iовдал къамел ма дуй. Нохчийн къомо шена дуьххьара хаьржина президент вара иза. Лоруш ву къомо. Виц ца во Дудаев ЖовхIар, ларамбо цуьнан, суна гарехь, иза цавезначу мостагIаша а тIехь», - элира Боровойс цкъа, ша "Эхо Москвы" радиона интервью луш.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ