ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Патриоталлин туризм


Къилбаседа Кавказан метта Гуьржийчоь хIунда хоржу Оьрсийчуьрчу туристаша?

Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан депутато Дегтярев Михаила хьехар дина бахархошна, Гуьржийчу лелачу метта садаIа Къилбаседа Кавказе гIо аьлла. "Къилбаседа Кавказера курорташ башха ю, кхузаманахьлера а, йораха а ю. Шен рожехь кеманаш ду лелаш ХIинжа-ГIала а, Соьлж-ГIала а, Владикавказе а, Нальчике а, Минводе а. Дуьйла Къилбаседа Кавказе, ерриг республикаш хьоьжуш ю, массо хIума а болх беш ду цигахь. Цигахь массо а бу оьрсийн мотт буьйцуш, лелаш ду Оьрсийчоьнан сом, кхерамазалла ю лаккхарчу тIегIантIехь. Ткъа Гуьржийчохь дан хIума дац аш", -- бохуш вара иза ша куьйгалла дон Думан культурехула а, спортехула а, туризмехула а, ткъа иштта кегийрхойн гIуллакхашкалуа а комитето бинчу белхан жамIашна хьажийначу зорбан-конференцехь.

Депутато дIахьедар дира, шена нийса хета аьлла, Гуьржийчу рожехь кеманаш лелар сацор, цу махкахь Оьрсийчуьрчу туристийн кхерамазалла ларйеш ца хиларна.

Думан комитетан гIандас дийцарехь, 2018-чу шарахь Гуьржийчохь хилла Оьрсийчура 2 миллион турист. Цу наха гуьржийн махкахь дайина 3,5 миллиард доллар, ткъа иза 10 сов процент ю цу пачхьалкхехь оцу шарахь IаIийначу дерриг а рицкъан (ВВП).

Дегтяревс дуьйцург бакъдерг делахь, стохка хIора оьрсийн туристо юккъерчу барамехь дайина Гуьржийчохь 110 000 эзар сом.

Дуьненаюкъарчу Валютан фондо (МВФ) далочу терахьашца, 2018-чу шарахь Гуьржийчохь IаIийна дерриг рицкъ дара, лараран кепе хьаьжжина, 16-43 млрд доллар.

Хууш ма хиллара, Оьрсийчоьнан Iедалш дуьхьалдевлла Гуьржийчоьнна Тбилисехь Мангалан-беттан 20-хь дуьхьалонан акцеш юьйлаелчхьана. Цкъа дуьххьара оппозици эргIадъяханера Оьрсийчоьнан Госдуман депутатана Гаврилов Сергейна Тбилисехь православин парламентийн ассамблея схьаелла а, Гуьржийчоьнан парламентан спикеран гIаьнта хаа а бакъо яларна.

Цул тIаьхьа политикан ницкъийн резабацар дирзира и дуьхьалонан акцеш охьатаIош демонстранташна ницкъ бинчу Iедалшна дуьхьал.

Дукха хан ялале жоп кхечира Кремлера: Гуьржийчоь Оьрсийчуьрчу туристашна кхераме а лерина, сацийра цига рожехь Оьрсийчуьра кеманаш лелар.

Амма цуьнга хьажна доцуш, Оьрсийчуьра туристаш садаIа лелаш бу луларчу пачхьалкхе, хьалха санна дукха бацахь а.

Къилбаседа Кавказехь туризман бум ю ала цкъачунна хьалхе ду. Къилбаседа Кавказан федералан гонан 2035-чу шаре кхаччалц йолчу Пачхьалкхан туризм кхиоран Стратегина цуьнан бахьана го кхачамболлуш дика а, оьшшучул а туристийн инфраструктуран объекташ ца хилар. Цул сов, тоам боллуш кечбина бац туризман индустрин белхахой. Ду кхин долу бахьанаш а.

Масала, 2017-чу шарахь ларарца, Къилбаседа Кавказехь яра 800 гергга хьешан хIусам а, санатори а. Вушта аьлча хIора 1000 вахархочун кхочу царах 0,081. Ткъа и терахь шозза лахара ду Оьрсийчуьра юккъера терахь схьаэцча.

Лакхохьа хьахийначу Стратегино билгалъяьхна Къилбаседа Кавказерчу субъекташкахь уггар хьалха туризм кхио еза меттигаш.

Дагестанехь уьш ю Дербент гIала а, Таркхойн хIордан берд а, ГIалгIайчохь – Джейрахан кIошт, ГIебартойн-Балкхаройчохь – "Приэльбрусье" къоман парк а, Нальчик а, Гебартой-Балкхаройчохь – ломара салазаш хохку курорташ Архыз" а, "Домбай" а, Къилбаседа ХIирийчохь – Владикавказ а, "Алания" къоман парк а, Нохчийчохь – Соьлж-ГIала а, Къоьзан-Iам а, Ставрополан махкахь – "Кавказские Минеральные Воды" олу вовшах хоттаелла цхьамогIа гIаланаш а.

Вуьшта аьлча, пачхьалкхан Къилбаседа Кавказехь туризм кхиорца йоьзна планаш хIоразза а хIуьтту дагалаьцна йоцчу халонашна хьалха. Кху бIаьста, масала, Къилбаседа ХIирийчохь дов иккхира туризмаца доьзна, лаьмнашкахь фотосесси йинчу евзачу блогерна кхерамаш тесначул тIаьхьа. Цхьаболчу хIирийша дукха эвхьаза зелар лаьррера цу йоIа ломахь даьхна сурташ.

Радикалаша тIелетарш дар лахделлехь а, цу регионехь юкъа-кара тIематасадаларш хуьлу ницкъаллин структурийн белхахойн а, тIемалой лоручу нехан а.

ТIехула тIе, дуккха а хаттарш дуьсуш ду низамашлардечу органаша бечу балхах лаьцна а. Вуьшта аьлча, Къилбаседа Кавказехь туристийн кхерамазалла цкъачунна зIуган бен тIехь гIуллакх ду. Ткъа цо хьалххе дуьйна аьтто боцучу хьоле хIоттайо Къилбаседа Кавказан регион, луларчу Гуьржийчоьнца юьстича.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG