ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс шен цIийнан стаге дIаделла кхин а цхьа доккха дарж


Устрада-ГIалин мэр волчуьра дIаваьллачу Темирбаев ИбрахIимера мукъадаьлла гIант кховдийна 28 шо долчу Кадыров Хас-Мохьмаде.

И хаам эцна бахара Устрада-ГIала парламентан спикер Даудов Мохьмад а, Оьрсийчоьнан Думин депутат Делимханов Адам а.

Кадыров Хас-Мохьмад дарже хIотторах лаьцна хаамбина Даудовс шен инстаграмехь. Цо бахарехь, Темирбаевн хьалхара гIовс Iийна тIаьххьарчу муьрехь Кадыров Хас-Мохьмад.

"Къона велахь а, хьаькамаллехь зеделларг IаIийна ву Кадыров Хас-Мохьмад", - яздина спикеро.

Цхьана хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча вара Кадыров Хас-Мохьмад, цул тIаьхьа хийцира ши дарж – мехкан полицера наркотикашна тIехьожучу декъан а (нийсса баттахь), Соьлж-ГIалин полицин а буьйранча.

Хьалха Маршо Радионо довзийтина ма-хиллара, мехкан шахьаран полицин коьрте иза хIоттийча, резбацарш хазийра шайгара цхьаццаболчу нохчийн даржхоша.

Масала, президенте Путине дахьийтира хаттар: "Зеделларг а доцу лахара лейтенат муха хIоттаво полицин лаккхарчу дарже?". Амма президенте "дIа ца кхечира" и хаттар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG