Instagram-ехь Нохчийчуьрчу Iедалхойх лаьцна вон комментареш язъярна лаьцна жимастаг гайтина "Грозный" телегойтилехула.
Каналан корреспонденто бахарехь, полисхойн аьтто баьлла "Нохчийчоьнан Республиках лаьцна хIоттийначу постна кIел комментарешца экстремизм яржош волу" интернетхо лаца.
Лаьцнарг ву 16 шо долу Ахматов Мохьмад. Телекамерашна хьалха, велха а воьлхуш, ша дохковаьлла, "вониг хуьлийла луучара Iехийнера", аьлла цо.
"Со Интернетерчу, сох хIуъа а хиларх а бала боцчу наха Iехийра. Ас массо а нохчех, нохчийн Iедалх лаьцна яздира. Ас яздира, алапа мел оьцу нохчий (бюджетхой) кафираш бу, аьлла. ЧIогIа дохковаьлла со, со Iехийнера интернетехула. Сайгара кхин иштаниг долуьйтур дац ас, нохчийн къоме доьху сайна къинтIера далар", - элира Ахматовс.
Мехкан муфтица Межидов Салахье Iамавайта хаийначу жимчу стага емалбира "Европе а, Шема а дIабаханарш". "Со цара мел дуьйцучух тийшира, суо жима хиларна, хьекъал дацарна. Суна ца хаьа, хIун дин ду оцу нехан. Сайна а ца хууш, со церан могIаршка ваьлла хилла", - бохурацо, велха а ийзош.
Кхетош-кхиор дIадаьхьира жимчу стагца "Грозный" каналан куьйгалхочо Дудаев Ахьмада а. "Цуьнца зIенехь хилла цхьа нах, цара язйе баьхна цуьнга и тайпа комментареш. Иза аьлларг ша хиина Iа цхьаьнхьа дозанал арахь. Цуьнан бала бац кху жимчу стагах хиндолчун. ХIара валарх а шек вац иза, кхо оьшшу комментареш язйичхьана", - дIахьедира Дудаевс.
Хьалхо "Кавказ.Реалиино" довзийтира Кадыров Рамзана, "провокаци еш, комментареш язъечарна" дендерг муха хир ду. "Шайн мотт ларбе, пIелгаш ларде. Ца дахь, оха кегдийр ду уьш, багара мотт а бухабоккхур бу", - элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.