Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцина шен гергара стаг Кадыров-Хас-Мохьмад ша Устрада-ГIалин ханна мэр хIотторан бахьана. Керла мэр "дукха хаза юкъаметтигаш каро хууш ву бахархошца, девзаш ву бахархой хьашташ, таро йолуш ву церан халонаш дIаяха, - яздина цо шен "Вконтакте" агIонехь.
Кадыровс ша тешна хилар хаийтина Кадыров Хас-Мохьмада Устрада-ГIалина "керла дахар лур" ду бохучух.
Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, Устрада-ГIалин мэр волчуьра дIаваьллачу Темирбаев ИбрахIимера мукъадаьлла гIант кховдийна 28 шо долчу Кадыров Хас-Мохьмаде.
И хаам эцна бахара Устрада-ГIала парламентан спикер Даудов Мохьмад а, Оьрсийчоьнан Думин депутат Делимханов Адам а.
Цхьана хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча вара Кадыров Хас-Мохьмад, цул тIаьхьа хийцира ши дарж – мехкан полицера наркотикашна тIехьожучу декъан а (нийсса баттахь), Соьлж-ГIалин полицин а буьйранча.
Хьалха Маршо Радионо довзийтина ма-хиллара, мехкан шахьаран полицин коьрте иза хIоттийча, резбацарш хазийра шайгара цхьаццаболчу нохчийн даржхоша.
Масала, президенте Путине дахьийтира хаттар: "Зеделларг а доцу лахара лейтенат муха хIоттаво полицин лаккхарчу дарже?". Амма президенте "дIа ца кхечира" и хаттар.
Кадыров Хас-Мохьмад дарже хIотторах лаьцна хаамбина Даудовс шен инстаграмехь. Цо бахарехь, Темирбаевн хьалхара гIовс Iийна тIаьххьарчу муьрехь Кадыров Хас-Мохьмад.
"Къона велахь а, хьаькамаллехь зеделларг IаIийна ву Кадыров Хас-Мохьмад", - яздинера спикеро.