ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сталинна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долор доьху Инарлан прокуратуран хиллачу талламхочо


Сталин Иосиф
Сталин Иосиф

Инарлан прокуратуран хиллачу талламхочо Степанов Игора дехар дине Талламан комитете 20-чу бIешаран 1920-1950 шерашкахь Советан пачхьалкхан баккъалла а волу куьйгалхо хиллачу Сталин Иосифна дуьхьал бехктакхман гIуллакх долор.

Сталин бехке вар доьху цо, дуккха адамаш дайар а, геноцид яр а вовшахтохарна. Бехктакхаман гIуллакх низамца доладойла дац, бехке хила мега аьлла шеко йолу стаг велла хиларна, амма иза жоьпе озор юхатохале кхел декхарелахь ю цо лелийначунна низамашкахула мах хадо.

Степановн исках лаьцна еарин дийнахь хаам бина "Коммерсант" газето. Гергарчу наха Советан заманахь репрессеш лайна волчу Степановс доьху Сталин адамашна тоьпаш еттар вовшахтоьхна стаг ларар, 1937 шарахь Товбеца-беттан 30-хь арахецначу №00447 "Хиллачу кулакашна а, зуламаш динчу нахана а, кхин йолчу советашна дуьхьал йолчу элементашна а репрессеш ярх лаьцна" (Об операции по репрессированию бывших кулаков, уголовников и других антисоветских элементов) цIе йолчу НКВД-н омрина тIе а тевжаш.

Сталина тIе куьг таIийначу документана тIехь тоьпаш тоха еза аьлла ду 82 эзар 700 вахархочунна, ткъа кхин а кхин 193 эзар 400 вахархо дIахьажош ву лагершка.

Цу кепара, Степановс шен дехарехь яздарехь, Сталин лара вогIуш ву дуккха адамаш дайар вовшахтоьхнарг, вуьшта аьлча православин мозгIаршна а, кхин болчу бахархошна а тIехь геноцид йинарг.

Степановс кехат дахьийтинчу Талламан комитето иза дIахьажийна шен Москохарчу коьртачу талламан урхалле. Инарлан прокуратуро цуьнан кехат дIахьажийнера Ивновски кIоштан прокуратуре, ткъа цигахь бух ца карийна таллам дIаболо.

Прокуратура таллам бан реза ца хиларна латкъам бина Степановс Конституцин кхеле.

"Мемориало" бинчу хаамца, Сталинна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долорца доьзна Степановн дехар, гарехь, Оьрсийчохь дуьххьарлера цу тайпа гIуллакх ду. Цу махкахь официалан кепfра емал дина дац Сталина лелийнарг.

Сталин Иосифа куьйгалла дира Советан Пачхьалкхана 20-гIа шераш дуьйладелчхьана 1953-чу шарахь ша валлалц. "Мемориало" гулдинчу тоьшаллашца, Сталинан репрессеш лайна а, царах зен хилла а ву 12,5 миллион цу пачхьалкхан вахархо.

"Левада-центро" тIаьххьара бинчу талламца, Сталин Иосифан дикачу агIор я башхалла ца хеташ мах хадабо 77% Оьрсийчуьрчу бахархоша. Цуьнца цхьаьна, баккхийберца а, ларамца а, безамца а иза тIеоьцу 51% махкахоша.

Цул сов, 70 процент респонденташна хетарехь, Сталина диканиг алсам дина пачхьалкхан дахарна, вониг динчул а, ткъа хаъала лахделла "Сталинан заманахь Советан халкъана юкъахь дараш хилар" бакъдан йиш йоцуш ду, аьлла хетачу нехан терахь (60% тIера 45 %).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG